From Wikipedia, the free encyclopedia
Шекар — даьржина дааран сурсат. Шекаран коьрта компонент — сахароза. Амма иза доцуш, сурсатехь хила тарлотайп-тайпана эдарш. КӀайн шекарехь магадо цунна йукъахь 0,25 % кхаччалц хила, баьӀалг шекарехь — 0,1 % кхаччалц.
Шекарш — лахара молекуляран углеводаш (моно-олигосахаридаш). Царех цхьадолчеран мерза чам[1].
Дош — ширахӀиндийн ду, хӀунда аьлча шекаран даймохк — ХӀинди (шир.-хӀинд. शर्करः (śarkaraḥ IAST) «гӀамар буьртиг, жагӀа, шекар»); нохчийн матте и дош деина гӀумкхийн маттара.
Европехь шекар девзаш хилла румхошна. Боьмаша шекаран буьртигаш дохура шекар-эрзан муттах, Европе чудохьура ХӀиндера. Мисар, Руман империн провинци, ХӀиндица махлелорехь йукъара йара.
Македонийн Искандаран адмиралан Неархан, шекарах лаьцна хина, сурт хӀоттийра цуьнан вайн эрал 325 шо хьалха Искандар коьртехь волуш ХӀиндин тӀелата вахар бахьнехь.[2][3]
Желтойн лоьро Диоскорид Педанийс I бӀешарахьшекаран сурт хӀоттийна шен медицинин De Materia Medica трактатехь[4]. Тера сурт хӀоттадо румхочо Плиний Воккхахволчо шен "Ӏаламера исторехь":
"Шекар до Ӏаьрбийчохь а, амма хӀиндин шекар гӀоле ду. Шекар-эрз йукъахь карадо и мезан цхьа тайпа, кӀайн, силамах тера, цергаш йукъахь къарс деш. Иза духку хьуьнан бӀар санна долчу баьӀалгахь. Шекар леладо медицинин Ӏалашонна"[5].
ЖӀарахоша шеш Сийлахь латтан тӀедахча тӀеоьцура "мерза туьха" кхоьхьу ковранаш, цара шекар Европе. XII бӀешо долалуш Венецин кхечира Суран гергга масех эвла, цигахь Европе дахьа, шекар ден меттиг кечйира. Цуо мезан кхин тӀетуьйхира мардийриг.[6] ЖӀарахойн тӀелатаран заманара шераш йаздархочо Тиран Вильгельма (Гийом), йаздира XII бӀешо чекхдолуш, шекар "чӀогӀа оьшу адаман пайденна а, могашаллийна а".[7] XV бӀешеран чаккхенгахь Венеци Европехь шекар доккхуш а, даржош а коьрта йукъ йара[8].
ТӀаьхьуо шекар-эрз кхечира Сицили а, Къилба Испане а, амма Руман импери йохарца и болх сецира.
ХӀиндехь акха кхуьу ораматан Шекар-эрзан гӀад, шекар доккху йуьхьанцара аьргал йара. Европехь шекар-эрзан шекар девзира вайн эра тӀекхачале а, медицинин гӀирс санна. Ӏаьрбойчоь чӀагӀйелча IX бӀешарахь шекар-эрз лелор даьржира Мисрахь, Сицилехь, Къилба Испанехь. X бӀешо чекхдолуш шекар даккхар кхиира Венецехь, амма шекар алсама даьржира жӀарахойн тӀелатаран заманахь.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.