![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/3/31/Caucasus_regions_map2.svg/langce-640px-Caucasus_regions_map2.svg.png&w=640&q=50)
Чоьхьара Кавказ
From Wikipedia, the free encyclopedia
Чоьхьара Кавказ[1][2][3][4][5][6], азерб. Cənubi Qafqaz, эрм. Հարավային Կովկաս, гуьрж. სამხრეთი კავკასია), йа Къилба Кавказ — Кавказан дакъа, геополитикан регион, лаьтта Малхбален Европин а, Хьалхара Азин дозанехь, Йоккха Кавказера Коьрта, йа Хи доькъа дукъал къилбехьа.
Регион | |
Чоьхьара Кавказ | |
---|---|
![]() Чоьхьара Кавказ: Азербайджан, Эрмалойчоь, Гуьржийчоь; ах къобалйина Абхази, Къилба ХӀирийчоь | |
40°22′46″ къ. ш. 49°53′28″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкхаш | |
![]() |
Чоьхьара Кавказан йукъайогӀу Йоккха Кавказан къилба басен доккхаха долу дакъа, Колхидан аре, Куран кӀаг, Жима Кавказ, Эрмалойн акъарин къилбаседа-малхбален дакъа, Талышийн лаьмнаш Ленкоранан аренца цхьаьна. Чоьхьара Кавказехь йу пачхьалкхаш: Азербайджан, Гуьржийчоь, Эрмалойчоь. Оцу регионехь йу цхьаццама къобалйина пачхьалкхаш: Республика Абхази а, Къилбаседа ХӀирийчоь а, церан маршо къобалйина Российс а, кхин масех махко а, ткъа иштта къобалйанза Ломан-Карабахан Республика. Чоьхьара Кавказан доза ду къилбаседехьа Российн Федерацица, къилбехьа — Туркойчоьнца а, Иранца, малхбузехь Ӏаьржа хӀордан, малхбалехь — Каспийн хиш ду. Чоьхьара Кавказан майда йу 190 эз. кв.км[7].