Филиппинаш
From Wikipedia, the free encyclopedia
Филиппи́наш (инг. Philippines, тагал. Pilipinas, оьрс. Филиппи́ны), официалан цIе — Респу́блика Филиппи́наш (инг. Republic of the Philippines, тагал. Republika ng Pilipinas, оьрс. Респу́блика Филиппи́ны) — Къилба-Малхбален Азин гIайренан пачхьалкх. 2015 шарахь мах хадорца, бахархой 102 921 200 стаг[4] ву, мохк — 299 764 км² бу. Бахархойн барамца дуьненахь шийтталгIа меттигехь йу, майдан барамца 72-гIа йу.
Филиппинаш | |||||
---|---|---|---|---|---|
Republika ng Pilipinas Republic of the Philippines | |||||
| |||||
Девиз: «Maka-Diyos, Makatao, Makakalikasan, at Makabansa» «За Бога, народ, природу и страну» |
|||||
Филиппинашан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Маьрша йаьлла терахьаш | 4 июль 1946 шо (АЦШх) | ||||
Официалан меттанаш | Ингалсан мотт, Филиппинийн мотт | ||||
Коьрта гӀала | Манила | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Манила (в составе конурбации Метро-Манила), Кесон-Сити | ||||
Урхаллин тайпа | Унитарни президентан конституцин республика | ||||
Президент Вице-президент |
Rodrigo Duterte Leni Robredo |
||||
Латта | |||||
• Шадерг | 299 764 км² (72-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | 0,6 | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор | ▲105 720 644[1] стаг | ||||
ДЧС | |||||
• Шадерг (2008) | 317,964 млрд[2] долл. (36-гӀа) | ||||
• ХӀораннан а сина | 3515[2] долл. | ||||
АДКИ (2013) | ▲ 0,654[3] (йукъара; 114-гӀа меттиг) | ||||
Ахча |
1 филиппинан песо = 100 сентаво (сентимо) (PHP ) |
||||
Интернет-домен | .ph | ||||
Код ISO | PH | ||||
Код МОК | PHI | ||||
Телефонан код | +63 | ||||
Сахьтан аса | +8 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора | ||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Коьрта шахьар — Манила, уггаре йоккха гIала — Кесон-Сити. Официалан мотт — ингалсан а, филиппинийн (тагалан).
Унитаран пачхьалкх, президентан республика. 2016 шарахь 30 июнехь дуьйна президентан даржехь ву Дутерте Родриго, вице-президентан — Робредо Лени. Йекъало 81 провинцин.
Филиппинаш лаьтта Тийна Ӏапказан малхбузачу декъехь ХӀиндонезин а, Тайванан а йукъахь, цунна чудогIу 7641 гIайре. ГIайренаш декъало кхаа тобане: Лусон, Висайн гIайренаш, Минданао.
Динехь болчеран до́ккхаха долу дакъано католицизм дин леладо.
Динамикаца кхуьуш йолчу экономикийца индустрин мохк бу. 2016 шарахь ДЧС чухоам хилира 310,312 миллиард АЦШ доллар[2] (2978 АЦШ доллар гергга бахархойн цхьаьна синан). Ахча — филиппинийн песо.
1521—1898 шерашкахь ша йукъахь хиллачу Испанех Филиппинийн мохк маьрша балар кхайкхийна 1898 шеран 12 июнехь, цул тIаьхьа, 1898 шеран Парижан машаран бартаца, гIайренаш АЦШн дакъа хилира, хецна маьршо йелира 1946 шеран 4 июлехь.