Февраль
From Wikipedia, the free encyclopedia
Февра́ль шира нох. Чиллин[1], Чи́ллан-бутт[2] (лат. Februārius mēnsis «Фебруусан бутт», «цӀанонан бутт» схьадаьлла лат. Februa «цӀанонан Ӏида») — юлианан а, григорианан рузманашкахь шолгӀа бутт, Цезара хийцамаш банле мартехь долалуш хиллачу шираруман шеран шийтталгӀа бутт. Иза шеран уггаре боца бутт бу, и цхьаъ бен бац 30 дийнал боца бутт: 28 де хуьлу кхаа шарахь, 29 де хуьлу високосан шарахь. Дуьненан Къилбаседа эхигехь Ӏаьнан кхоалгӀа бутт бу, Къилба эхигехь — аьхкенан кхоалгӀа бутт.
Доца факташ Орш, Шин ...
Февраль | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
2024 шо |
ДӀачӀагӀа
ХӀинцалерачу муьрехь февралан 16 де кхаччалц григорианан рузманца малх лаьтта Козерог цӀе йолчу седарчийн гуламехь, февралан 16 денера — Водолей седарчийн гуламехь[3][4].