Евро́пин футбо́лан ассоциа́цийн барт (инг. Union of European Football Associations, дацдина UEFA, нохчийн транслитерацица УЕФА) — Европин а, цхьайолу Азин малхбузен регионийн а футболан урхаллин спортан кхоллам. Цуо цхьаьнатуху европин мехкийн къоман футболан ассоциацеш, дӀахьо йерриг европин футболан клубийн а, гулйина командин а къийсамаш, ткъа иштта рекламех, клубашна а, шена чуьра къоман ассоциацешна а йукъара матчаш гайтарна йаьлла са йоькъу.
Доца факташ УЕФА, Дакъалла ...
УЕФА |
---|
|
|
|
УЕФАн карта |
Дакъалла |
55 къоман ассоциаци |
Штаб-квартира |
Ньон |
Организацин тайпа |
Спортан федераци |
Официалан меттанаш |
Ингалсан Французийн Немцойн |
Президент |
Чеферин Александер |
Инарлин секретарь |
Теодоридис Теодор (ханна) |
Кхоьллина терахь |
1954 шеран 15 июнь |
Хьалхара организаци |
ФИФА |
Схьаевлла организацеш |
Эрмалойчоьнан футболан федераци, Белоруссин футболан федераци, Боснин а, Герцоговинин а футболан барт, Украинин футболан ассоциаци, Косовон футболан федераци, Ирландин футболан ассоциаци, Финляндин футболан ассоциаци, Албанин футболан ассоциаци, Исландин футболан ассоциаци, Уэльсан футболан ассоциаци, Чехин футболан ассоциаци, Македонин футболан федераци, Нидерландийн паччахьан футболан барт, Сербин футболан барт, Швейцарин футболан барт, Лихтенштейнан футболан барт, Ӏаьржаламанчоьнан футболан барт, Словенин футболан барт, Францин футболан федераци, Италин футболан федераци, Немцойн футболан барт, Шведийн футболан барт, Желтойн футболан федераци, Австрин футболан барт, Данин футболан барт, Португалин футболан федераци, Андоррин футболан федераци, Паччахьан Испанин футболан федераци, Хорватин футболан барт, Норвегин футболан ассоциаци, Туркойчоьнан футболан федераци, Литван футболан федераци, Люксембурган футболан федераци, Эстонин футболан ассоциаци, Сан-Маринон футболан федераци, Малтин футболан ассоциаци, Гуьржийн футболан федераци, Болгарин футболан барт, Польшин футболан барт, Мажарчоьнан футболан федераци, Исраилан футболан ассоциаци, Шотландин футболан ассоциаци, Гибралтаран футболан ассоциаци, Азербайджанан футболан федерацийн ассоциаци, Кипран футболан федераци, Фарерийн гӀайренийн футболан федераци, Латвин футболан федераци, Молдавин футболан федераци, Ирландин футболан ассоциаци, Словакин футболан барт, Румынин футболан федераци, Кхазакхстанан футболан федераци, Российн футболан барт, Бельгин паччахьан футболан ассоциаци, Ингалсан футболан ассоциаци |
Викиларми чохь медиафайлаш |
ДӀачӀагӀа
УЕФА — Дьуьненайукъара футболан федерацин (ФИФА) йукъайогӀу йалх континентийн конфедерацех цхьаъ йу, цу тӀе царех УЕФА уггаре Ӏаткъаме а, хьал долуш а йу. Берриш аьлча санна дуьненан уггаре чӀогӀа футболисташ ловзуш бу Европехь, цигахь уггаре даккхий алапаш хиларна, Ингалсехь, Францехь, Италехь, Испанехь, Германехь[1] муххале а. Кхин а УЕФАхь йу дукхаха йолу чӀогӀа дуьненан къаьмнийн гулйина командаш, цундела дуьненан хьалхейаккхарехь оцу конфедерацина алсама меттигаш ло: иштта, 2006 шеран дуьненан чемпионатехь левзина 32 командех УЕФАра 14 йара.
УЕФА кхоьллина 1954 шеран 15 июнехь Базелехь (Швейцари) Францин, Италин, Бельгин футболан федерацеш йолийна консультацеш чекхъевлча. Йуьхьанца УЕФА йукъахь бара 25 мохк, хӀинца 55 бу. 1959 шо кхаччалц УЕФА штаб-квартира йара Парижехь, иза дӀакхалхийра Берне. 1995 шарахь дуьйна иза йу швейцарера Ньонехь. Хьалхара УЕФА инарлин секретарь хилла Делоне Анри, ткъа президент — Шварц Эббе.
УЕФАн сих-сиха девнаш хуьлура къаьмнийн ассоциацийн хьашташ кхочушдеш йолу Еврокомиссица. 1990-гӀа шерашкахь барт ца хуьлара телетрансляцин бакъонаш а, трансферан регламент а тӀехь (Босмана бакъо).