From Wikipedia, the free encyclopedia
Топчиба́шев Ӏалимардан-бек Алекпер охӀли (азерб. Əlimərdan bəy Ələkbər oğlu Topçubaşov, 1863 шеран 4 майхь, Тиблиси — 1934 шеран 8 ноябрехь, Париж) — азербайджанан йукъараллин а, пачхьалкхан а гӀуллакххо, юрист а, журналист а, Российн хьалхарчу Пачхьалкхан думин депутат (1906), Азербайджанан Демократин Республикин парламентан председатель (1918—1920).
Топчибашев Ӏалимардан-бек | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
азерб. Əlimərdan Ələkbər oğlu Topçubaşov | |||||||
| |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Дарж йукъадаьккхина | ||||||
Когаметтаниг | Дарж дӀадаьккхина | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Гаджинский Маммед Хьасан | ||||||
Когаметтаниг | Хойский ФатӀали Хан | ||||||
Дин | суннизм | ||||||
Вина терахь | 1863 шеран 4 май | ||||||
Вина меттиг | Тиблиси, Тиблисин губерни | ||||||
Кхелхина терахь | 1934 шеран 8 ноябрь (71 шо) | ||||||
Кхелхина меттиг | Париж | ||||||
ДӀавоьллина | |||||||
Да | Алекпер-бек Топчибашев | ||||||
Зуда | Пери Гасан-бек кызы Топчибашева | ||||||
Бераш | Рашид бек Топчибашев | ||||||
Парти | |||||||
Дешар | Петарбухан императоран университет | ||||||
Динлелор | Ислам, суннийн кхетам | ||||||
Автограф | |||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Топчибашев Ӏалимардан-бек вина 1863 шеран 4 майхь шарахь[2] Тиблисехь. 1884 шарахь чекхйаьккхира Тиблисера I гӀалин гимнази, деша хӀоьттира Императоран Петарбухан университете историн-филологин факультете Кавказан стипендица, амма хьалхара семестр чекхйаьлча стипенди а дитина, дехьавелира юридически факультете. 1888 шарахь чекхйаьккхира университет, цунна йелира бакъонан кандидатан тӀегӀа. Болх бира машаре суьдхочун гӀоьнча а, гуонан суьдан секретарь а, хьийхира Тиблисин латтадустаран доьшийлехь. Бакоха кхелхира, цигахь тешаме векал болх бира.
Топчибашев хилла хӀора дийнахь арадолу Бакохан Махлелоран-Промышленностан Кехат газетан редактор, иза арахоьцуш дара Бакохахь 1888 шарахь дуьйна[3]. 1898 шеран 24 июнехь иза хӀоттийра Бакохахь арахоьцучу «Каспий» газетан редактор[4]. Тайп-тайпанчу шерашкахь хилла «Бакох» а, «Хаят» («Дахар») а газетийн редактор. Хьаьржира Бакохан гӀалин Думин спикер, гӀалин доьшийлин комиссин а, Мариински зударийн гимназин а, Бакохан коммерцин доьшийлин а, Бакохан бусалбанийн зударийн ишколан а Ӏуналлин кхеташонан йукъахь вара.
1905—1907 шерашкара революцийн заманашкахь дакъалецира 1-ра Йерригроссийн бусалбанийн гуламан балхахь (1905 август, Нижни Новгород); 2-гӀа (1906 январь, Петарбух), 3-гӀа (1906 шеран 16 август, Ниж. Новгород) гуламашкахь хаьржира Иттифакъ аль-Муслимин партин ЦК председатель. 3-гӀа Йерригроссийн бусалбанийн гуламан ховшарш нахала даьккхина дацара, дийцарш дӀадаьхьира гӀезалойн маттахь. ТӀечӀагӀйира бусалбанийн политикин союзан программа, иза герга йара кадетийн партин программин, цунах къаьстара ишколан дешаран белхаца[5].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.