![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/7/79/%25D8%25AA%25D8%25AE%25D8%25B7%25D9%258A%25D8%25B7_%25D9%2583%25D9%2584%25D9%2585%25D8%25A9_%25D8%25A7%25D9%2584%25D8%25B5%25D8%25AD%25D8%25A7%25D8%25A8%25D8%25A9.png/640px-%25D8%25AA%25D8%25AE%25D8%25B7%25D9%258A%25D8%25B7_%25D9%2583%25D9%2584%25D9%2585%25D8%25A9_%25D8%25A7%25D9%2584%25D8%25B5%25D8%25AD%25D8%25A7%25D8%25A8%25D8%25A9.png&w=640&q=50)
Асхьабаш
Мухьаммад пайхамаран накъостий / From Wikipedia, the free encyclopedia
Сахьа́би (Ӏаьр. الصَّحَابِيّ), дукхаллин терахь асхьа́баш (Ӏаьр. الأصحاب), йа сахьа́баш (Ӏаьр. الصحابة) — иза исламан термин йу, Мухьаммад пайхамарна ﷺ дуьхьал а кхетта, цуьнга ийман а диллина, ислам динехь а волуш, хӀора дӀакхелхинчунна лелош йу иза. Иштта асхьабех бу дуьххьара исламан элчаналла дӀадаьхьнарш а, Мухьаммад пайхамаран ﷺ ансараш а, цунна гӀо дина болу, цуьнца накъосталла а лелийна, цуьнга ийман а диллина, цу тӀехь дӀакхелхинарш а бу[1]. Асхьабаш Мухьаммад пайхамаран ﷺ дахаран дукхахдолчу декъехь цуьнца цхьаьна хилла бу, ислам дине кхайкхам бина чул тӀаьхьа. Исламан элчаналла дӀакхачош цара гӀо а дина цунна, масийттаза иза кӀелхьара а ваьккхина. Мухьаммад ﷺ кхелхинчул тӀаьхьа асхьабаша халифат кхоьллира, «нийсачу новкъахь болчу халифийн зама» олучу гӀарайаьллачу заманахь. ТӀаккха уьш шахьаршкахь дӀасабаьржира исламан Ӏилманаш а, жихӀад а даржо, иштта гӀаланаш а, пачхьалкхаш а схьайаккхархьама. Асхьабаш куьйгалладина дуккха а исламан тӀемашкахь: Шемахь а, Мисарахь а, Персойн махкахь а, Хорасанехь а, ХӀиндехь а, МаварааннахӀр-махкахь а.
Асхьабаш | |
---|---|
![]() | |
Сийнан суффикс | Дела реза хийла царна |
Цуьнан рогӀераниг | табиӀинаш |
![]() |