![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/ce/thumb/c/c3/San_Antonio_Spurs.png/640px-San_Antonio_Spurs.png&w=640&q=50)
Сан-Антонио Спёрс
From Wikipedia, the free encyclopedia
«Сан-Антонио Спёрс» (инг. San Antonio Spurs) — профессионалан баскетболан клуб, ловзуш йу Къоман баскетболан ассоциацехь. Команда кхоьллина 1967 шарахь. Клубан база йу Техасера Сан-Антонио галахь. ЦӀера матчаш дӀахьо AT&T-центр аренехь.
Сан-Антонио Спёрс | ||||
![]() | ||||
Конференци | Малхбузен | |||
Дивизион | Къилба-Малхбузен | |||
Кхоьллина шо | 1967 | |||
Истори | Даллас Чеперрелс 1967–1970, 1971–1973 Техас Чеперрелс | |||
Стадион | AT&T-центр | |||
ГӀала | Сан-Антонио, Техас | |||
Долахо | Питер Холт | |||
Инарлин менеджер | Р.С. Бьюфорд | |||
Коьрта тренер | Грегг Попович | |||
Д-Лигин клубаш | Остин Спёрс | |||
Чемпионалла | 5 (1999, 2003, 2005, 2007, 2014) | |||
ЧӀагӀйина лоьмарш | 10 (00, 6, 9, 12, 13, 20, 21, 32, 44, 50) | |||
Официалан сайт | ||||
Форма | ||||
|
«Сан-Антонио Спёрс» АБА хиллачу декъашхойх йеаннах цхьаъ йу, 1976 шарахь АБА а, КъБа а вовшахтоьхна цхьа лига йинчул тӀаьхьа хийца а ца луш КъБАхь дакъалоцучех[1], AБA йукъахь хиллачех КъБА коьрта хӀонс йаьккхина иза бен йац[2]. «Сан-Антонио» 5-зза КъБАн толамхо хилла (команда хилла КъБА чемпион 1999, 2003, 2005, 2007, 2014 шерашкахь[3]), Цул сов толам бац «Бостон Селтикс» (17), «Лос-Анджелес Лейкерс» (16), «Чикаго Буллс» (6) бен. 2015 шеран июлехь «Сан-Антонио Спёрс» клубо хьалхара меттиг йоккху Ассоциацин йерриг командашлахь КъБА плей-оффехь дакъалацаран процентаца, иза ца левзина 4 плей-оффан къовсамехь доцург ша КъБАхь мел ловзу: 89,7% (Лейкерсан – 89,6%, Селтиксан – 75,4%, Филадельфин – 71,2%, кхечера – 70% кӀезиг)[4].
2019 шеран апрелерчу хьолехь «Спёрс» 22-зза тоьлла шен дивизионехь[5]. Командо тӀаьхьарчу 25 шарахь 24-зза дакъалаьцна плей-оффехь (1989/90 шарахь дуьйна). Сан-Антонио йукъахь Данкан Тим веинчул тӀаьхьа, клубо дакъалецира плей-оффехь 18 шарахь 18-зза. Командин берриг тӀаьхьара кхиамаш бихкина бу командин коьртачу тренеран цӀарах Попович Греггах, иза «Спёрсан» тренер ву 1996 шарахь дуьйна[3][6].