From Wikipedia, the free encyclopedia
Питер Пирс (йуьззина цӀе Питер Невилл Льюард Пирс, инг. Peter Neville Luard Pears; 22 июнь 1910 — 3 апрель 1986) — британин йишлакхархо (тенор).
Питер Пирс Peter Neville Luard Pears | |||
---|---|---|---|
Коьрта хаам | |||
Бакъ цӀе | инг. брит. Peter Neville Luard Pears | ||
Вина терахь | 1910 шеран 22 июнь[1][2][…] | ||
Вина меттиг | |||
Кхелхина терахь | 1986 шеран 3 апрель[1][2][…] (75 шо) | ||
Кхелхина меттиг | |||
Пачхьалкх | |||
Говзаллаш | оперин йишлакхархо | ||
Эшаран аз | тенор | ||
СовгӀаташ |
|
||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Оксфордан университет йукъара Кебл-колледж чекхйаьккхина, тӀаьхьа болхбина Оксфордан Хертфорд-колледжан йукъарчу кхечу дешаран меттигехь. 1943—1948 болхбира Сэдлерс-Уэллс (Sadler’s Wells) а, Ковент-Гарден а театрашкахь, 1947 Ингалсан оперехь (English Opera Group) ву. 1974 ш. дебют хилира Метрополитен-Оперехь Ашенбахан партехь («Венецехь валар»).
Пирс вара композиторан Бриттен Бенджаминан дахаран новкъахо шеш бевзинчу 1936 ш. хенара, 1976 шарахь Бриттен валлалц. Церан дуьххьара цхьаьна гайтар (Бриттена фортепиано лакхара Пирсан) хилира 1937, 1942 шарахь арайелира цу шиннан цхьаьна дӀайазйина (бриттенан «Микеланджелон ворхӀ сонет»). Пирс хилира дуьххьарлера йишлакхархо массо а Бриттенан кхолламашкара тенорийн коьртачу партийн, уьш кхуллура Пирсан озан башхаллашка хьожжий. Цул сов, Пирс гӀаравелира Шубертан эшарш лакхарехь а, кхин тӀе Бриттена пондар а локхуш.
1978 шарахь къонахчун сийн дарже айира иза.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.