From Wikipedia, the free encyclopedia
Пешхой — тукхумашна йукъа ца догӀу нохчийн тайпа. Йаьхна ДНК тесташа гайтина тайпанан векалш J2 гаплотобанера хилар[1]. Пешхой бекъало некъешна: Боки (J2), Исубан, Г1азг1ири, Цамхи (J2), Къамкъарг, Г1ойси (J2), Х1имки, Боти (J2), Хьонки, Некътес, Дуди, К1ани.
Къена тайпа | |
Пешхой | |
---|---|
Этноиерархи | |
Раса | кавказан |
Тукхам | Тукхумашна йукъа ца догӀу |
Йукъара хаамаш | |
Дин | ислам (суннизм) |
Къам | нохчий |
Таханлера дӀасакхалхар | |
Росси: хууш дац Нохчийчоь: хууш дац ГӀалгӀайчоь: хууш дац |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
Къилбаседа Кавказ: |
Пешхан историн мехкан дозанца лаьтта: малхбузахь – Нашха, малхбалехь – Варанда, Вашандара, Мулкъа, къилбехьа – ТӀерла, къилбаседехьа Гихтан акъари (Гихчу)[2].
Паш-лам лаьтта Пешхан къилбаседехьа. Хетарехь цӀеран маьӀна гӀебартой маттахь – элин лам, туьркийн маттахь – бохь хуьлу[3].
Пешхой дешан маьӀна Сулейманов Ахьмада дуьйцу хӀокху версешца:
Уьш ерриш а йогӀу Пешхой дашна[2].
Нохчий схьабовларх долчу тептарца, Пешхой Шамханах схьадаьллачу 13 тайпанех ду, Нашхойн гергара а ду. Шамханан дайша цуьнан йижрий гӀебартойн элашка маре белла хиларна а, Шамханан тайпа элех а хиларна, гӀебартойн «пшы» хила а тарло тайпанан бух тӀехь[15].
Ӏ.Д.Вагаповн а, Р.П.Ахмадовн а хета, топоним Пиешха, шен рогӀехь, хила тарло, кхоллаелла «–ха» формантан гӀоьнца (дуста Гуьржиеха) «пиеша» бух тӀиера, уьйр йу жӀайхойн «пеше» а, гӀазгӀумкийн а, лаьзгийн а «пиша» - пхьола, гӀажарийн «пеша» - пхьола (овхӀанхойн а, гӀажарийн а «пешавар» – пхьераш). Кхин вариант хила а тарло, масала, «пеш»+«хой» - пеш, кхерч Ӏалашбийриш[16].
Пешхой беха меттигаш: Бена-Юрт[17], БердакӀел[18], ВаларгтӀе[19], Галне[20], Гихчу[21], ГӀойтӀа[12], Доьлаке, Ойсхар[22], СаӀдин-КӀотар[23], ТӀехьа-Марта[24]. Хаьмбин-Ирзе, Хьалха-Марта[25], Цоци-Эвла[26], ЧӀулга-Юрт, Ӏалхан-ГӀала[27].
Оьрсийн хьосташкахь, Гуьржийчоь боьлхачу оьрсийн векалийн маршрутан ориентир лаца Пешхойн мохк аьлла, тайпа дуьххьара хьахийна 1601 шарахь.
Тайпанан эвла Пешха лаьттина коьртаниг йаккхийчу бахаман бӀавнех (гӀаланех). Пешхойн, даьхний хилла цаӀаш, хилла оханаш а, цанаш а, хин хьеранаш а хилла. Пешхан махкахь хилла цӀуйн заманан элементашца керсталлин сийлаллаш а (жӀараш).
Пешхой хьалха баьхна Элистанжахь, амма Орсойша уьш цигара аратеттина[28].
1833 шеран июнь баттахь Кавказан бахархойн барамех а, паччахьан правительствон уьш муьтӀахь хиларан тӀегӀанех а долчу ведомосташкахь боху: Нохчий-Пешхой 4000 са ду[29].
Императоран омарца арахоьцучу, 1859 шеран сентябрь беттан № 9 йолчу тӀеман гуламехь, чулацаман иссалгӀачу жайнехь (том ӀХ) йаздо: «Нохчийн къоман йукъадогӀу бухара цхьа мотт буьйцу, Кавказан а, Ӏаьндийн а даккъийн къилбаседа агӀон тӀехь тӀеман хийцамашка а, оьрсийн герзан аьттонга а хьаьжжина Российца хӀинца а тайп-тайпана йукъаметтигаш йолу, хӀинца Шемалан Ӏедал дохийначул тӀаьхьа дерриг а Кавказера оьрсийн мехкаш тӀехь Российн куьйгакӀела даьхкина тайпанаш: Пешхой (Шопоти) беха Мартан хьостехь, Аьккхашна малхбалехьа, 4000 са»[30].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.