Нохчийчоьнан нах беха меттигаш
From Wikipedia, the free encyclopedia
Нохчийчохь 700 сов нохчий Ӏаш пхьаьнаш хилла тӀкъа дукхох йолу нохчийн пхьаьнаш йагийна йухайна Кавказан бокх тӀамехь а нохчийн къам дӀадухадача хенахь[1].Тахана царах йисна 224 нах Ӏаш пхьаьнаш йу, 5-ъ йаккхий гӀаланаш, 3-ъ гӀалах тера, кхин дӀа 213 пхьаьнаш йу. Ламанца нохчий къам дӀа-духа дина хена йухайна йагийна дӀатесна йисна 27 ламан пхьаьнаш йу. Ламанца кхоъ тайпана йекъало нохчий Ӏаш пхьаьнаш — «бӀоув/вӀоув», «кхаьлла» а «ирзуо», тӀкъа нохчийн аренца цана метта «йурт», «эвл/овл» йа «кӀотар/отар» олу, уьш лулахара къемнашкара хьа-аьцца йа цӀена нохчийн дешнаш дац.
2017-чу шарахь Нохчийчохь 1 414 865 бахархой бу.