From Wikipedia, the free encyclopedia
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
1990 шерахь Джовхар-гӀалахь цхьана кхетначу Нохчийн къоман Гуламехь дхьа кхайкхийра Нохчийчоь йозуш йоцуш пачхьалкх хилар. 1991 шерахь, пачахь волчу Дудаев Джовхарс Нохчийчоь йозуш цахиларан Омран тӀе куьг таӀийра. 1992 шерахь Парламенто тӀе лаьцна пачхьалкхан Низам леларе делира, цу тӀехь аьлла дара: «Нохчийчоь йозуш йоцуш, демократийн, бакъонийн пачхьалкх ю, нохчийн къомо шен лаамца кхоьллина». 1992 шарахь нохчийн Ӏедало федеративнийн бертан тӀе куьгтаӀор йемал дира[1].
Дудаев Джовхарс 1991 шерахь, № 2 Омран тӀе куьг а таӀийна, кхоьллира ТӀеман Министерство. Оцу омрийца, Нохчийчуьра йерриге тӀеман тобанаш министерствон куьйгалле яьхкира. 1991 шерахь тӀе куьг таӀийна № 16 Омран низамца «Нохчийчуьра йерриге тӀеман тобанаш паччахьан куьйгалле яьхкира»[2]. ТӀеман боккхах болу мохь ТӀеман НицӀкъийн Коьрта Кхеташонехь бара. Коьрта Кхетшонан Куьйгалхо вара инарл-лейтенант Шахабов Висхан. Коьрта Кхетшонан Куьйгалхочуьна гӀоьнча — Масхадов Аслан.
Нохчийн Пачхьалкхан Низамца, Тleман Ницlкъийн Коьрта Куьйгалхо паччахь ву.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.