Нигер (хи)
From Wikipedia, the free encyclopedia
From Wikipedia, the free encyclopedia
Ни́гер(фр. Niger [niˈʒɛʁ], инг. Niger [ˈnaɪdʒər], йоруба Niger, Ọya) — Малхбузен Африкин лараме хи. Дохалла 4180 км, бассейнан майда 2 117 700 км²,[1] оцу параметрашца Африкин кхозлагӀа хи Нилал а Конгол а тӀехьа.
Нигер | |
---|---|
инг. Niger | |
Амал | |
Дохалла | 4180 км |
Бассейн | 2 117 700 км² |
Хи дайар | 8630 м³/с (Хьост) |
ДӀаэхар | |
Хьост | |
• Эрк долу меттиг | Фута-Джаллон, Гвинейн къилба-малхбале |
• Локхалла | 745 м |
• Координаташ | 9°04′55″ къ. ш. 10°43′24″ м. д.HGЯO |
Хикхоче | Гвинейн айма |
• Эрк чекхдолу меттиг | Нигери къилбе |
• Локхалла | 0 м |
• Координаташ | 5°19′00″ къ. ш. 6°25′00″ м. д.HGЯO |
Эрк долу меттиг | |
Хин система | Гвинейн айма |
Пачхьалкхаш | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Эркан хьост ду Леона-Либерийн акъари басешкахь къилба-малхбален Гвинейхь. Эрк охьадоьду Мали а, Нигер а махкахула, Бенинна дозанца, цул тӀехьа Нигери махкахула. Чукхета Атлантикин Ӏапказ чуьра Гвинейн аймин, кхуллу чукхетачу кӀоштахь дельта[2]. Нигеран доккха га — Бенуэ эрк.
Билггала цӀе эркан хууш дац билггала, оцу чотанна боьдуш къовсам бу.
ГӀарадаьлла ду эркан цӀе туарегин nehier-ren — «эрк, охьадоьду хи».
Цхьана гипотезца эркан цӀе схьайаьлла дешнех Egerew n-Igerewen, иза тамашекан маттахь (туарегийн цхьа мотт) «сийлахь эрк» йа «эркийн эрк» бохургду. Иштта олира Нигерах кхечара а оцу бедаш тӀехь бехачара.
Кхин а гипотеза йу цӀе латинан дешах niger схьаяларх, аьлчи а «Ӏаьржа». Иштта гипотеза мегаш йу, хӀунда аьлча, исторехь дешнаш «Нигер» а, «негр» а цхьа орам болуш ду, тӀаьхьарниг а схьадолу «Ӏаьржа» дашах.
Цигахь Ӏаш болчу наха тайп-тайпана цӀе йоккху эркан: Джолиба ( мандинго маттахь — «доккха эрк»), Мэйо, Эгхирреу, Изо, Кворра (Куарра, Ковара), Баки-н-руу, иштта кхин дӀа а, амма абсолютан алсама гочдарш маьӀна «эрк» долуш ду[3].
Хьост ду Леона-Либерин акъарин басенашкахь Гвинейн къилба-малхбалехь. Лакхахь лелайо цӀе Джолиба́[2]. Эрк охьадоьду къилбаседа-малхбале, дехьа долу Малин дозанал. Лакхахь Нигер сагӀанаш йолуш ду, охьадоьду готтачу Ӏинехула. Йуккъех Нигер аренан эрк ду. Гвиней гӀалин Курусан тӀера малин коьрта шахьран Бамакон, кхин а лахахь Сегу гӀалахь Нигер охьадоьду шуьйрачу атагӀех, кеманаш лела. Малин гӀалал Ке-Масинел лахахь Нигер декъло массах генна, кхуллу чоьхьара дельта. Нигера чоьхьара дельтин кӀоштахь дукха уьшалаш ду. Хьалха оцу меттигехь Нигер чукхетара хи ара ца долучу Ӏам чу. Томбукту кӀоштахь дуккха а геннаш вовшахкхета. Цул тӀаьхьа охьадоьду Сахьарин къилба дозанца дохаллехь 300 км. Бурем гӀалин гергахь Нигер дӀадоьрзу къилба-малхбале, охьадоьду шуьйрачу атагӀхула, кеманаш лела. Эрк охьадоьду Нигер махкахула, цигахь ду дуккха а декъа эркан харшаш (вади) ду, цхьана хенахь Нигерах кхеташ хилла долу, кхин дӀа Бенинан дозанца, тӀаккха охьадоьду Нигерехула, чукхета Гвинейн аймех, кхуллу шуьйра 24 эз. км² дельта. Уггаре дельтин деха га ду Нун, амма кеманашна леладо алсама кӀорга долу га Форкадос[2].
Нигеран коьрта геннаш: Мило, Бани (аьтту); Сокото, Кадуна, Бенуэ (аьрру).[4][5]
Нигер кхечаьрца дуьстича гӀеххьа «цӀена» эрк ду, Нилца дуьстича цуьнан хи иттозза цӀена ду. Иза доьзна ду лакхахь Нигер тархаш тӀехула охьадоьдуш хиларх, сацкъар кӀезиг бахьа цуо[6]. Нил санна, Нигер хӀора шарахь бердах долу. Иза долало сентябрехь, угаре дукха даьржа ноябрехь, ткъа чекхдолу май баттахь[6].
Тамашена башхалла йу эркан Нигеран чоьхьара дельта, иза хилла чӀогӀа жиделчоьх харшан охьатаӀар. Меттиг йу хершан шортта геннаш долуш, маршаш, Ӏаьмнаш долуш Бельгел даккхийра. Йохалла 425 км ду йуккъера барам 87 км. Шеран заманан дестаро чоьхьара дельта чӀогӀа беркате до чӀерийлецарна а, йуьртан бахамна а[7].
Нигеро дойу кханнах ши дакъа шен хих Сегуна а, Томбуктуна а йукъара чоьхьара дельтин тӀехь хи Ӏаьнара даларна а, фильтраци хиларна а. ГӀала Мопти йолчохь Нигерах кхетачу эрко Банис дохьу хи а ца тоьу и хи дар мета хӀотто. Йуккъера хи даран мах хадабо 31 км³/шарахь (церан барам тера бац шо мел дели).[8] Чохьара дельтел тӀехьа Нигер чу дукха геннаш кхета, амма хи дар тӀаккха а дукха ду. Нигере Йолин кӀошта догӀу хин мах хадабо 25 км³/шарахь, мах хадийна 1980-гӀа шерашнахьалха а, 13,5 км³/шарахь дезткъалгӀа шерашкахь. Уггаре ладаме Нигеран га ду Бенуэ, иза дӀакхета цунах Локоджа кӀоштахь. Нигерехь геннийн чухоам йалхазза шорта бу, Нигеринчул иза махка кхачча. Дельтехь Нигеран хи дар алсама долу 177 км³/шарахь (хаамаш 1980-гӀа шераш кхачале бу, 1980-гӀа шерашкахь иза охьадолу — 147,3 км³/шарахь[8].
Нигеран кхочу хи аьхкенан муссонийн догӀанех. Лакхах деста долало июнехь, Бамакон гергахь максимум хуьлу сентябрехь — октябрехь. Лахахь хи деста долало меттигерчу догӀанех июнь баттахь, сентябрехь цуьнан максимум хуьлу. Йуккъера шеран хин харжан барам хикхочехь 8630 м³/сек, шеран охьадахар 378 км³, харж дистинчул тӀехьа хила тарло 30—35 эз. м³/сек[2].
Нигеран хин раж нисйелла Африкин субэкваторан шораллица, йу суданан тайпана. Оцу тайпана эркаш молу догӀанан хиш, амал йу шеран заманан дайаран а, хи охьадахаран а (дукхах дерг кхочу аьхке чекхйолуш а, гурахьа, минимум — Ӏай а, бӀаьста а). Коьрта башхаллаш Нигеран хин рожан доьзна ду оцунан лакхеа, лахе а лаьтташ хиларца, областашкахь, дукха йоанаш йолчу, ткъа бассейн йуккъера охьадахаран алсама декъа а, чӀогӀа Ӏаьнара долуша йу.
40 шарахь гулбинчу хаамашца (1952 - 1992) гидрометрин станци йолчу кӀоштехь Маланвилехь (лаьтта Бенинан къилбаседехь, 1100 км лакха хикхочера халавахча), хи дайаран йуккъера барам 1053 м³/сек, максималан — 2726 м³/сек, минималан — 18 м³/сек.
(охьанехьа)
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.