Нехча
From Wikipedia, the free encyclopedia
From Wikipedia, the free encyclopedia
Нехча, нахча, начх[1] — нехчан мега шурех доккху дааран сурсат. Йоккху шура хьарчо муьста шуран бактерийн ферменташ а лелош йа тайп-тайпана шурийн сурсаташ а, шурийн доцу аьргалла яшоран туьханаш а лелош лалоран хьесапца.
Нехчанаш къастало лакхара белокаш (25 % кхаччалц), шурийн даьтта (60 % кхаччалц), минералан хӀуманаш (3,5 % кхаччалц, кхехкийна туьха а ца лоруш) хиларца. Нехчан белокаш шурийнчул дика тӀеоьцу организмо. Нехчанийн экстражигара хӀуманаш дика Ӏаткъам бо кхача ахьаран йекхоашна, хӀума йаа дог доуьйту. Нечханца йолу дааран хӀуманаш, йуьззина аьлча санна тӀеоьцу организмо (98—99 %). Нехчанашца ду витаминаш A, D, E, B1, B2, B12, PP, C, пантотенан мусталла, кхин а. Хьоналла а, белок а алсама мел хуьлу нехчан энергимехалла хаъал техкаш хуьлу. Нехча йу ала мегар ду шурийн концентрат: белокаш, хьоналлаш, минералан хӀуманаш йу цуьнца цхьатерра пропорцешкахь, лакхара ду цуьнца кальций а, фосфор а, уьш нехчанца оптимум баланс йина барамехь йу.
Куьцаца нехчанаш йекъало керлачарна, кӀеда хаза ховха чкъоьрдолчарна (кӀайн матарца), кӀеда дилина чкъоьрдолчарна, айсина матарца нехчанаш (айсина нехча), кепа тоьхна а, кхехкийна кепа тоьхна а. Кхин нехчан тайпанаш — йетта шурийн-альбуминан, альбуминан, лалийна, ткъа кхин а масех категорин йукъайогӀурш. Нехчан нилха тайпанаш — муьста шурех йаьккхина немцойн нехча а, норвегийн боьмаша нехча (брюнуст).
Яран технологица нехчанаш йекъало чӀогӀачарна, кӀедачарна, шовранчарна, лалийначарна.
Шоьшлан фермент (реннин, изза химозин) — кхача охьу фермент йу дийнатех йаьлла, иза йоккхура эсийн хьер чуьра (дайиначул тӀаьхьа). Ишттачу эсийн хан 10 дийнал сов ца хуьлу. Шоьшлан фермент лелайо шурех кӀалд йоккхуш а, нехчанаш йохуш а.
Генетикан инженери кхиарца таро хилира дийнаташна чуьра химозин даккхаран жоьпаллехь йолу генаш йахар, уьш ферментаци йолуш химозин даккхийтархьама цхьаьна бактерешна, жӀалин нускалшна йа совсоргашна чуйахкар[2][3]. Генетикан модификаци йина микроорганизмаш дӀайовлу ферментаци йинчул тӀаьхьа, ткъа химозин доккху культуралан тӀуналлех, оцу бахьанехь нехчанца йац цхьан а ГМО компонент я ингредиент[4].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.