исламан рузманан 1-ра бутт, бихкинчу безачу беа баттах цхьаъ From Wikipedia, the free encyclopedia
Мухьаррам (Ӏаьр. الْمُحَرَّمُ) — иза исламан рузманан йа беттан шеран хьалхара бутт бу. ЖехӀилийн заманахь цуьнан цӀе «муътамир» (Ӏаьр. الْمُؤْتَمِرُ) хилла, ткъа «мухьаррам» цӀе ражаб баттана тиллина хилла.
Мухьаррам | |
---|---|
Цул хьалхарниг | зул-хьижжат |
Цуьнан рогӀераниг | сафар |
Йохалла | 30 де-буьйса |
Йуьхьанца дуьйна дӀа(д)баьлла | 1 бутт |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Исламан рузма |
---|
1. Мухьаррам |
Тахана: пӀераска |
Цунах мухьаррам аьлла иза бихкина бутт болу дела. Иза бихкинчу беа баттах цхьаъ бу. Иза бусалбачарна шена чохь тӀом бан цамегарг бу, Дала Къуръан чохь аьлла дела: ﴾Баккъалла а, АллахӀана гергахь беттанаш шийтта бу. Иштта дӀайаздина хилла Жайнахь [Лавхьул-Махьфуз чохь] АллахӀа стигалш а, латта а кхоьллинчу дийнахь. Царах биъ бутт [зул-къаӀдат, зул-хьижжат, мухьаррам, ражаб] — бихкина бу. Иза [бутт бехкар] — бакъ дин ду. Цундела царна чохь [оцу дихкинчу беттанашкахь] шаьш-шайна зуламаш ма де. ТӀомбе массара а цхьаьна берриге а мушрикашца, цара шуьца массаьрца [йа массара а цхьаьна] тӀом ма-барра. АллахӀ — [Шех] кхоьручаьрца вуйла а хаалаш﴿ [Къуръан 9:36].
Цу беттан дозалла ИбрахӀим пайхамаран заманахь дуьйна къобалдина хилла, цул тӀаьхьа Маккара мушрикаша а къобалбина хилла и бутт. Мушрик-Ӏаьрбоша, кест-кеста тайпанаша вовше тӀемаш бешшехь, цу баттахь тӀом бар ца магош хилла. Мухьаррам беттан кхин а цхьацца башхаллаш йу:
Мухьаррам бутт дӀаболабаларца а, Делан элчано ﷺ Ясрибе динчу хӀижратца а цхьа а уьйр йац.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.