Remove ads
исламан рузманан 3-гӀа бутт From Wikipedia, the free encyclopedia
РабӣӀул-аввал (Ӏаьр. رَبِيعُ الأَوَّلِ — «хьалхара бӀаьсте») — иза исламан рузманан йа беттан шеран кхоалгӀа бутт бу. БӀаьстенан заманца иза нисбелла хилла дела тиллина цунна и цӀе[1][2]. ЖехӀилийн заманахь цунах «хавван» йа «хувван» (Ӏаьр. خَُوَّانٌ) олуш хилла. 12-чу рабиӀул-аввалехь бусалбанийн цхьайолчу тобанаша даздо Мухьаммад пайхамар ﷺ дуьнен чу ваьлла де.
РабиӀул-аввал | |
---|---|
Цул хьалхарниг | сафар |
Цуьнан рогӀераниг | рабиӀул-ахир |
Йохалла | 30 де-буьйса |
Йуьхьанца дуьйна дӀа(д)баьлла | 3 бутт |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Исламан рузма |
---|
1. Мухьаррам |
Тахана: оршот |
«РабиӀ» боху дош Ӏаьрбийн маттахь «бӀаьсте» бохург ду, ткъа «ал-аввал» боху дош «хьалхара» бохург ду, цундела цу беттан цӀе гочйина «хьалхара бӀаьсте» бохург хуьлу. Схьахетарехь, и цӀе йоьзна йу оцу баттахь хуьлучу дезденойн хиламашца. Исламан рузма беттан циклашна тӀехь лаьтташ йолу дела, рабиӀул-аввал бӀаьста йа шеран муьлххачу а хенахь нисбала тарлуш бу.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.