From Wikipedia, the free encyclopedia
Металлополимеран биргӀанаш — шиъ я алсама компонентех лаьтта композитан биргӀанаш: полимеран биргӀа, сварканца йина металлин серийн бойн арматура йоьллина я, масала, наштаран дашанца[1]. Металлополимеран биргӀанаш дуккха а кепара ю, уьш къаьста йинчу материалаца, яран технологица, Ӏалашонца, кхечу параметрашца.
БиргӀан полимеран дегӀ до дукхах дерг термопластех. Гура лаьтта йохалла а, пурх а йолчу элементех: йохалнаш лаьтта биргӀан юкъан концентраци йина, пурхнаш билгалчу гӀулчца тӀетосу йохалчарна, спираль хуьлу цунах.
Металлополимеран биргӀанаш лелайо чӀогӀа шуьйрачу областашкахь. Наштаран дашан арматура йоьллина, жимачу диаметран (16—40 мм) металлополимеран биргӀанаш, аьттонца лелайо хӀусамийн-коммуналан бахамехь (хи дуьллуш, йовхонан система хӀоттош, канализацина). Яккхийчу диаметран металлополимеран биргӀанаш лелайо маьхкдаьттабиргӀана, газбиргӀана, агрессин хьолан (мусталла, щелочь, туьхан лакхара барам сурсаташ чохь болу и продуктов с высоким содержанием Соль|солей) транспортан технологин биргӀанашна ческих трубопроводов для транспортировки агрессивных сред [2]. Металлополимеран биргӀанаш лелайо лаьттан бухара а, оьланашкахь бесара а, нилхалаьттан а металлийн щелочь дӀадаларехь; иштта лело таро ю гидротранспортан а, пневмотранспортан а. ХӀордан инфраструктурехь лело меттиг карайо бӀогӀамашна меттана тайп-тайпанчу гӀишлош тӀехь.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.