исламехь, къемат-дийнан билгалонех волу стаг From Wikipedia, the free encyclopedia
МахӀдӣ (Ӏаьр. المَهْدِيُّ) йа Ларвеш волу МахӀди (Ӏаьр. المَهْدِيُّ الْمُنتَظَرُ Аль-МахӀди аль-Мунтазар), шийӀашна гергахь Къайлаваьлла имам[1] (Ӏаьр. الإمام الغائب Аль-Имамул-ГӀаиб) — ислам динехь, иза тӀаьхьарчу заманахь, лаьтта тӀера адамийн дахаран чаккхенгахь гучувер волу стаг ву. Иза нийсо йеш воккха паччахь хир ву, лаьтта букъ тӀера зуламаш а, бохамаш а чекхбохучу дарже кхаччалц. Цо йаржор йу нийсо а, нийса ислам дин а, тӀемаш а бийр бу, исламан мостагӀашна тӀехь толам а боккхур бу, къаьсттина «жуьгташна» тӀехь.
Исламан хьосташкахь иза гучувер ву аьлла барт хиллехь а, амма цуьнан адаман (личность) хьокъехь ойланаш йекъайелла. Ткъа къегина бекъабалар бусалбан йоккхачу шина тобана йукъахь ду: суннатхошна а, шийттаннийн (иснаӀашарийят) шийӀашна а. Суннатхоша боху, иза шен цӀе Мухьаммад пайхамаран цӀарца йогӀуш стаг хир ву (Мухьаммад ибн ӀабдуллахӀ аьлла), иза дуьнен чу вер ву массо а адам санна, ша МахӀди хилархьама[2]. Ткъа шийттаннийн шийӀаш тешаш бу иза Делан элчан цӀийнан охӀланах ву, цуьнан йоӀан ФатӀиматан берех, шен цӀе Мухьаммад ибн аль-Хьасан а йолуш, хӀижрин 255-чу шарахь дуьнен чу а ваьлла, цу хенахь дуьйна дийна а ву, амма бӀаьргех къайлаваьлла ву, тӀаьхьарчу заманахь шен пачхьалкх дӀахӀотто гучу а вер ву аьлла[3].
Хьиджран хьалхарчу бӀешерашкахь Маьхьди гуора хин волу урхалча санна, цуо юьхьанца ма-хиллара цӀандан дезара ислам. Оцу меттиге тоьттура «антихалиф» ӀабдуллахӀ ибн аз-Зубайр. Масихьан ойланаш шуьйра яьржира шиӀизмехь, Маьхьди варах тешар дӀаийра «къайлаваьлла» имам Мухьаммад аль-Маьхьди юхаверзарца[4].
Масихьан ойланаш исламан социалан а, динан а боламийн са иркара хӀиттадора. Маьхьдин цӀе лелийра ФатимгӀеран некъий кхоьллина ӀубайдаллахӀ аль-Маьхьдис (909—1171); АльмуваххьидгӀеран некъий кхоьллина Мухьаммад ибн Тумарта, Малхбален Суданера МаьхьдигӀеран гӀаттаман тхьамдано Мухьаммад Ахьмада[4].
Маьхьди Ӏийса санна стиглара вуссур вац, ткъа цуьнца цхьаьна латта тӀехь Делан паччахьалла хӀоттор ю. Иза хир ву Мухьаммад пайхамаран ﷺ тӀаьхьенех, шен гӀуллакх долор ду Дажал варца цхьаьна. Ӏийсаца цхьаьна, цуо тӀом бийр бу Дажалан дуьхьала, тоьлар а ву иза Дажалал. Ӏийсас а, Маьхьдис а дӀадохур ду ницкъбар а, харцо а, хӀоттор ду нийсонан бакъ долу Ӏедал[5].
Маьхьди хир ву кхечарех тера стаг, шен муьран нийсархо[5]. ШиӀийш теша Маьхьди дийна хиларх, кестта дуьнен тӀехь нийсо меттахӀоттор хилар. ШиӀизмах къаьстина, суннийн Маьхьди, И. Гольдциера билгалдаккхарца, «билгала доцу адам, мифан тӀейогӀучу хенан хазна»[4].
Цьаболчу Ӏалимаш Маьхьди а «дин цӀандийриг» (муджаддид) цхьаъ лору[5].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.