From Wikipedia, the free encyclopedia
Мамака́ев, Мохьмад Ама́евич (1910 шеран 16 декабрь — 1973 шеран 2 август) — нохчийн йаздархо а, поэт а.
Мохьмад Амаевич Мамакаев | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | пачхьалкхан гӀуллакххо, йаздархо, поэт |
Вина терахь | 1910 шеран 16 декабрь |
Вина меттиг | ТӀехьа-Марта, Терски область, Российн импери |
Кхелхина терахь | 1973 шеран 2 август (62 шо) |
Кхелхина меттиг | Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, СССР |
Корматалла | йаздархо, поэт |
Гражданалла | Российн импери → ССРС |
Мохьмад Мамакаев вина 1910 шарахь ТӀехьа-Мартанахь ахархочун доьзалехь. Цо чекхйаьккхира Малхбале къинхьегамхойн Коммунистийн университет а, Лакхара литературин курсаш а Москвахь.
1931 шарахь иза хӀоттира «Грозненски рабочий» газетан редакторан когаметтаниг[1][2].
1937 шарахь иза чуьвоьллира Соьлжа-ГӀалин набахтечу. 1940 шарахь иза йуха а чуьвоьллира Элистахь волуш хенахь. 1956 шо кхаччалц иза лагерашкахь вара Игаркехь[3].
1960 шарахь иза хилира «Орга» цӀе йолу нохчийн альманахан коьрта редактор.
Суна гергга коьрта дарж — сайн халкъан поэт хилар… Аса байташ йазйо цхьаъ бен Ӏалашо йоцуш — оцу байташ нахана бохам хилча гӀо дайтархьам, цера дегнаш хьуьнаре а, дика гӀулкхашка а кхайкхабайта. |
Цуьнан хьалхара произведениш арахийцира 1926 шарахь. «ЧӀегӀардиг» цӀе йолу цуьнан хьалхара байтийн гулам арабелира 1931 шарахь.
Цо йазийна байташ:
Цуьнан поэмаш:
Цуьнан хьалхара проза арайелира 1956 шарахь («Первый гудок»). 1962 шарахь арайелира Мамакаеван хьалхара роман «Революцин мурд». Иза йара Нохчийчохь хилла болу революцин боламех лаьцна. 1968 шарахь арайелира цуьнан роман «Зелимхан». Иза йара Зелим обургех лаьцна.
Иосиф Кобзонс лекхира эшар «Ламрой». Оцу эшеран дешнаш йаздира Мамакаевс, композитор Владимир Евзеров.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.