Малх
From Wikipedia, the free encyclopedia
Малх (астр. символ: ) — Маьлхан системехь цхьаъ бен боцу седа. Иштта Малхан гонах хьийза оцу системи кхийолу а объекташ: планеташ а, цера спутникаш а, кегий планеташ а, астероидаш а, метиориташ а, кометаш а, космосан чан а. Малхан системин йозалла 99,866 % а Малхан йозалла йу[1]. Малхан зӀенарш ДуьненатӀехь дахар латтадо[2] — фотосинтезан серло оьшу, Малхо климат латтайо. Малх лаьтта водородех (йозаллийн 73 %, чухоаман 92 %), гелийх (йозаллийн 25 %, чухоаман 7 %[3]), иштта а кхоьчу элементашках: эчиг, никель, кислород, кремний, саьнгал, магний, углерод, неон, кальций, хром[4]. 1 млн водород атоман тӀейогӀу 98 000 гелийн атом, 851 кислородан атом, 398 углеродан атом, 123 неонан атом, 100 азотан атом, 47 эчиган атом, 38 магнийн атом, 35 кремнийн атом, 16 саьнгалан атом, 4 аргонан атом, 3 алюминийн атом, 2 никельн а, натрийн а, кальцийн а атом, къеззига кхийолу элементаш а.
Маьлхан йуккъера йукъалла йу 1,4 г/см³. Спектран классификацица Малх йукъабоьдуш бу G2V тайпан («можа буйдол»). Малхан тӀехуле йовхалла 6000 Кельвин тӀекхочуш йу. Цундела Малхан бос кӀай бу. Амма Лаьттан тӀехуле кхачале цуьна бос мажло зӀенарш дӀасаяржарна бахьнехь а, спектран йоцатулгӀенаш долу дакъа атмосферас худар бахьнехь а.
Малхан спектрехь ду ионизаци йина а, яза а металлий а, ионизаци йина водородан а сизнаш. Вайн Галактикехь бу 100 млрд сов седарчий[5]. Царех 85 % бу Малхал кхоьлина (дукха хоьлехь цӀен буйдолш). Коьрта рогӀалле массо а седарчий санна Малхо термоядерни синтезца йоккху энерги. Дукха хьолехь иза йу водородах гелий хилча йолу энерги.
Малх Дуьненна 149,6 млн км генахь бу (цхьаъ астрономан барам), ДуьнентӀера хожуш хенахь цуьна сонан барам бу 31-32 сонан минута (Баттан санна).
Малх бу 26 000 серлонан шо генахь Шуран некъан йуккъера. Цунна гонахь хьийзаш Малхо цхьа го боккху 200 млн шарахь[6]. Малхан орбитин сихалла йу 217 км/с — иштта цо цхьаъ серлонан шо некъ бо 1400 Дуьненна шарахь, цхьаъ астрономин барам — 8 дийнахь-буси[7].
ХӀокху хенахь Малх бу Орион пхьошан йуккъера йистехь, Персей пхьошан а, Стрелец пхьохан йукъахь, иштта цӀейоккху «Меттиган седарчий йукъаран мархан» чохь — дукъалла сов ялла меттигахь. И меттиг йу, шен рогӀехь, дукъалла кезиг йолу «Меттиган лоппагехь» — яьржина йовха седарчийн йукъара хӀон меттигехь. 17 серлонан шо гонахь болучу 50 уллера седарчий системан йукъахь Малх бу массарелла сирлачарехь боьулгӀа — цуьна абсолютны седарчийн йоккхала йу +4,83m.