Кеннеди Дж. Уолтеран цӀарах совгӀат
From Wikipedia, the free encyclopedia
Кеннеди Дж. Уолтеран цӀарах совгӀат (инг. J. Walter Kennedy Citizenship Award) — баскетболан йаздархойн говзаллин ассоциацис (инг. Professional Basketball Writers Association ) йукъараллин а, диканаш даран а гӀуллакхехь ша гайтина ловзархочун йа тренеран хӀора шарахь луш долу КъБА совгӀат[1]. СовгӀат дала долийна 1974/75 шарахь дуьйна, цӀе тиллина оцу даржехь 1963-1975 шерашкахь болхбинчу [a] лигин шолгӀачу комиссаран Кеннеди Джеймс Уолтеран цӀарах[2]. Йаздархойн Ассоциацин декъашхой билгалвоккху лигин ловзархо, цул тӀаьхьа кхаж тосу 150 гергга ассоциацин декъахочо. Уггаре дукха кхаьжнаш гулбинчу ловзархочунна совгӀат ло[2]. СовгӀат ло йукъараллин диканаш дарехь уггаре доккха дакъалаьцначунна. Масала, Гарнетт Кевинан совгӀат делла 2006 шарахь Катрина цӀе тиллина мох-дерцах зулам хиллачарна 1,2 млн АЦШ доллар даларна[3].
Титул хӀинца лелош верг ву «Кливленд Кавальерсан» форвард Джеймс Леброн. Йукъадаьккхинчу хенахь дуьйна, совгӀат делла 35-за. «Детройт Пистонсан» ловзархошна уггаре дукха кхаьчна совгӀат — 5. Цкъа бен ца делла сов шина ловзархочунна цхьаьна — 1985/86 шарахь Купер Майклан а, Спэрроу Рорин а. Дивац Владе а, Мутомбо Дикембе а, Нэш Стив а, Далемберт Самюэль а — АЦШ арахьа бина и титул йаьккхинарш бу. Мутомбос бен ца йаьккхина и титул шозза. Лейден Френк а, О’Тул Джо а бен вац ловзархо а воцуш и совгӀат делла. Лейденан совгӀат делира 1983/84 шарахь, иза «Юта Джазан» коьрта тренер волуш[4]. О’Тулан совгӀат делира 1994/95 шарахь, иза «Атланта Хоксан» физикин кечаман тренер волуш[5].