From Wikipedia, the free encyclopedia
Йуккъера Африка — географин регион, Африкин малхбузехьара дакъа, лаьтта экваториалан а, субэкваториалан а асехь, цуо шена чулоцу шуьйра чӀопа йолу Конгон чутаӀе, малхбузехьа Атлантикин Ӏапказан а, Гвинейн айман а бердйисташ йу, къилбаседехьа йукъахь бу Азанде чӀаплам, къилбехьа — Лунда плато цуьнца болу Анголин чӀаплам а. Малхбалехьа регион чекхйолу Малхбален-Африкин рифтан системин Малхбузехьара гаьннашца.
Географин регион | |
Йуккъера Африка | |
---|---|
2°13′23″ къ. ш. 16°11′28″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкхаш | |
Бахархой | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Пачхьалкх | Тобанашйаран метод | Коьрта гӀала | |||
---|---|---|---|---|---|
ВКЪКХ версица[2] | ЦРУн версица[3] | СГНЗС дошаман версица | ОКСМ версица[4] | ||
Ангола | Къилба Африка | Луанда | |||
Бурунди | Малхбален Африка | Малхбален Африка | Малхбален Африка | Гитега | |
Габон | Либревиль | ||||
Замби | Малхбален Африка | Къилба Африка | Малхбален Африка | Лусака | |
Камерун | Малхбузен Африка | Яунде | |||
Демократин Республика Конго | Киншаса | ||||
Республика Конго | Браззавиль | ||||
Руанда | Малхбален Африка | Малхбален Африка | Малхбален Африка | Кигали | |
Сан-Томе а, Принсипи а | ГӀайренан бачхьалкх Атлантикин Ӏапказ чохь | Сан-Томе | |||
Йуккъерчу Африкин Республика | Банги | ||||
Чад | Нджамена | ||||
Экваторан Гвиней | Малабо |
Наггахь Йуккъера Африкин йукъатуху Британин хӀордал дехьара территори — Аьрдачу Еленин гӀайре.
Конго эркан чутаӀенан бух бу чӀопа, уьшал йолуш, 300—500 м. лакхахь. Уггаре лаькха лаьмнаш ду — Адамауа чӀаплам Камерунехь (3008 м кхаччалц) а, тӀапломан акъари Камерун а (4040 м. кхаччалц). Делахь а Йуккъера Африкин рельеф дуккхачу хьолехь тийна йу, башха хийцамаш боцуш. Приэкваторан Африка, къаьстина Конго чутаӀе, къаьсташ йу уггаре луьста дуьззинахиш долу эркийн гаьннаш хиларца Африкехь, царах уггаре докха ду — эрк Конго (Заир). Гвинейн айма чу кхин догӀу эркаш Огове, Кванза кхидерш а. Дукха меттигаш дӀалаьцна йу уьшалш. Экваторан климатан асехь кхуьуьш йу луьста дукхаярусаш йолуш тӀуьна тропикийн хьаннаш. субэкваторан асехь — галерейн хьаннаш, хидоькъе меттигашкахь йаьржина йу тайп-тайпана саваннаш. Гвинейн айма чудогӀуш долу эркийн хикхочешкахь, йаьржина йу мангрин къухаш.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.