From Wikipedia, the free encyclopedia
Исмайлин Дуда (нох. ИсмаьIалан Дуда) — XIX бӀешеран гӀараваьлла нохчийн обарг. Уллора накъост Таймин Биболат[1][2][3].
Исмайлин Дуда | |
---|---|
Вина терахь | 1801 |
Вина меттиг | Хьалха-Марта, Нохчийчоь |
Кхелхина терахь | хууш дац |
Кхелхина меттиг: | |
ТӀемаш |
|
Эльмурзаев Юсупа шен «Нохчийн халкъан историн агӀонаш» цӀе йолчу жайнахь, яздо Исмайлин Дудех лаьцна, ден ваша ЧӀулг Хьалха мартан тӀиера Теркан бердаш тӀе дӀакхелхачу хенахь, Дуда ворхӀ шо бен доццушехь, ша говр тӀе хаалора[4].
XIX бӀешеран 40-гӀа шераш долалуш, Гендаргенойн Iисаца цхьаьна дакъалаьцна ВалартӀарчу тӀамехь[5].
Исмайлин Дуда ву нохчийн фольклоран турпал[8][9]. XIX бӀешарахь гӀараяьлла хилла нохчийн эшаро дуьйцу Исмайлан Дудин хьуьнар дуьцуш[10].
Нохчийн яздархочо Ахмадов Ӏумара билгалдоккху:
«Иза ца хилла гӀараваьлла шен луларчу къаьмнашна тӀелеташ, бажа я реманаш йигна, лулахошца дов латтийна, дукхаха болу нохчийн фольклоран турпалш санна, ткъа гӀараваьлла шен нийсонца, хьекъалца, комаьршаллийца, адамашца лераме хиларна. Оццу хенахь шен къоман сий а дардора цуо»[11]. |
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.