![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/a/a2/Prophet_Ibrahim_name.png/640px-Prophet_Ibrahim_name.png&w=640&q=50)
ИбрахӀим
исламан пайхамар а, элча а / From Wikipedia, the free encyclopedia
Ибра̄хӀим (Ӏаьр. إِبرَاهِيم; шир.-Ӏеб. אַבְרָהָם АврахӀа̄м) — иза Делан пайхамар а, элча а ву. Иза улул-Ӏазм олучу пхеа элчанех шолгӀаниг ву. Иза Ӏаьрбийн а, жуьгтийн а йукъара деда ву. Къуръан чохь 69 меттехь хьехийна ву. Цуьнан Ӏалашо а, элчаналла а шен дерриг дахаран йохаллехь, Дела цхьаъхилар дӀакхайкхор хилла. Исламан ламасташкахь иза ислам динан дуьххьарлера куьйгалхо лоруш ву. Исламехь цунах «ИбрахӀим аль-Халил (йа халилуллахӀ)» (Ӏаьр. إبراهيم الخَلِيل — «Делан доттагӀ ИбрахӀим») олу[1]. Бусалбанаша шайн ламазаш дерзадо ИбрахӀимна салават дилларца, цу йукъахь ду Мухьаммад ﷺ пайхамарна а, ИбрахӀим ﷺ пайхамарна а, цу шиннан доьзална а доӀ дар а, салават диллар а[2].
ХӀара йаззам Нохчийн Википедин дикачарех бу. |
Доца факташ ИбрахӀим, ХалилуллахӀ, Абуз-Зифан, Абул-Анбияъ ...
ИбрахӀим | |
---|---|
Ӏаьр. إبراهيم | |
![]() «Сулюс» йозанца йазйина ИбрахӀиман цӀе | |
ХалилуллахӀ, Абуз-Зифан, Абул-Анбияъ | |
Говзалла | Ӏу, динан бухбиллархо, пайхамар |
Вина терахь | в. э. тӀейалале 2200 шо хьалха |
Вина меттиг | Калданхойн Ур йа Хьарран, Месопотами |
Кхелхина терахь | в. э. тӀейалале 2000 шо хьалха |
Кхелхина меттиг | Халил |
ДӀавоьллина меттиг | |
Да | Тарахь (Азар) |
Нана | Амилат |
Зуда | Сарат, ХӀажар, КъатӀурат |
Бераш | ИсмаӀил, Исхьакъ, Замаран, Якъишан, Мадан, Мадьян, Шаякъ, Шухь |
Силсила | ИбрахӀим ибн Азар (Тарахь) ибн Нахьур ибн СаругӀ ибн РагӀу ибн ФалигӀ ибн Ӏабир ибн Шалих ибн Арфахшад ибн Сам ибн Нухь |
ГӀарадевлла белхаш |
список:
ХьаьжцӀа (КаӀбат) доттар
|
Лоруш волу динаш | ислам, насаралла, жуьгталла |
Къуръанан адам | |
Къуръан чохь хьехор | 69-зза |
СовгӀаташ | |
Доссийна жайна | ИбрахӀиман тептарш |
ДӀачӀагӀа