исламан пайхамар From Wikipedia, the free encyclopedia
Исхьакъ (Ӏаьр. إسحاق; шир.-Ӏеб. יִצְחָק Ицхак, ма-дарра «воьлуш верг») — иза исламан пайхамар а, ИбрахӀим пайхамаран ﷺ шолгӀа кӀант а ву Саратера. Ислам динехь веза пайхамар лоруш ву иза а, цуьнан ваша ИсмаӀил а, цу шинга Джибрил малик доьссина хилла дела, шаьшшиннан ден ИбрахӀиман верас а ву и шиъ. Къуръан чохь 16-зза хьехийна ву.
Товрат чохь а, суннатан хьосташкахь а деана ду Далла гӀурбана вен кхачийнарг Исхьакъ вара аьлла, амма цхьаболчу Ӏеламнаха иза ИсмаӀил вара аьлла.
ИбраьхӀим дӀакхелхинчул тӀаьхьа, АллахӀ-дала Исхьакъ — «пайхамар» хаьржинера. Исхьакъ пайхамара КанӀанехь болчу бахархошка, Дела цхьаъ варе дина тӀелаца аьлла кхайкхина хилла. Цуьнан ши кӀант вара, цуьнан уггаре хьомениг вара воккхах волу Ӏайсу, а жиманиг вара Якъуб (Делан пайхамар) . АллахӀ-далаАллахӀ Исхьакъан тайп-тайпана хӀуманаш дан Ӏамийнера, пайхамаран говзаллаш а. 120-шо долуш иза КанӀанехь дӀакхелхира.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.