Желтойн абат
From Wikipedia, the free encyclopedia
Кеп:Желтойн абат Желтойн а́бат (желт. Ελληνικό αλφάβητο) — желтойн меттан а, желтойн тобан кхин меттанийн абат. Иза ца хаддош лелош йу вайн эрал хьалхара IX бӀешеран чеккхенгахь йа вайн эрал хьалхара VIII бӀешо долалучу хенахь дуьйна.
Доца факташ Желтойн абат, Йозанан тайпа ...
Желтойн абат | |
---|---|
Йозанан тайпа | консонантан-вокалийн йоза |
Меттанаш | желтойн |
Кхоьллина терахь | вайн эрал IX—VIII бӀешераш хьалха |
Мур | хӀинца а бу |
Статус | Желтойчоь |
Йозан агӀо | Аьрру агӀонера аьтту агӀора |
Схьадалар | Финикийн йоза |
Кхиина | Готийн йоза, Кириллица, Коптийн йоза, Эрмлойн йоза, Этрусскийн абат, Латинан абат, Рунаш |
ISO 15924 | Grek |
Йозан масала | |
Хьажа иштта проект «Лингвистика» |
ДӀачӀагӀа
Желтойн абат — иза, хетарехь, хьалхара абат йу, йукъах мукъаза а, иштта мукъа а аьзнаш долуш, царна хӀоранна а къаьстина хьаьркаш а йолуш.
Классикан грекийн йукъара абатехь хилла 27 элп, Ϛ, ϛ (стигма), Ϙ, ϙ (коппа), Ͳ, ͳ (сампи) хьаьркаш ца лелайора терхьаш яздеш бен, тӀаьхьа йукъара евлла уьш. Йукъара евлла иштта шира грекийн абатан(ингалс.)нохч. Ͱ, ͱ хьаьркаш (хета), Ϻ, ϻ (сан), Ϝ, ϝ (дигамма). Керла грекийн абатехь 24 элп ду.