Абат
From Wikipedia, the free encyclopedia
Абат (шир.-желт. ἀλφάβητος) — стандартийн хьаьркийн бух тӀиера йозан кеп. Абат чохь хьаьркаш — элпаш — билгалйоху меттан фонемаш, тӀаккха а цхьатерра аз ↔ элп хуьлу кӀезиг. Абат къаьста пиктографин (идеографин) йозанах, оцу йозанехь хьаьркаша билгалбоху кхетамаш (шумерин зайлан йоза), морфеман а, логографин а йозанаша хьаьркаш билгалйоху шешша морфемаш (цийн йоза) я дешнаш. Билгалъевлла иштта кепара абаташ:
- Консонантан-вокалийн абаташ — элпаш билгалдоху мукъа аьзнаш а, мукъаза аьзнаш а;
- Консонантан абаташ — элпаш билгалдоху деккъа мукъаза аьзнаш, мукъа аьзнаш билгалдахало леррина системан диакритикан хьаьркашца (азтохарца);
- Дешдекъан абаташ — элпаша билгалдоху дийнна дешдакъош, цу тӀе цхьатерра мукъаза аз долу дешдакъош, амма мукъа аз тайп-тайпана долу, тарло билгадаккха гергарчу хьаьркашца (царах олу абугидаш, хӀиндин йозан тайпа), ткъа хила тарло чӀогӀа къаьсташ а (масала, кана); дуткъачу маьӀнехь абат лара а мегар дац.
Шеш йолчу фонемашна хьаьркаш лелоро атта до йоза, хьаьркийн барам охьабаккхар бахьнехь. Кхин а, абатера элпийн раж, алфавитан ражан бух бу.
Тайп-тайпанчу меттанийн фонетикан системийн чолхалла йоьзна ю абатийн барам цхьабосса ца хиларх. Гиннессан рекордийн жайница, уггаре дукха элпаш — 72 — кхмерийн меттан абатехь ду, уггаре кӀезиг — 12 (a, e, g, i, k, o, p, r, s, t, u, v) — Бугенвиль гӀайрен тӀиера (Папуа Керла Гвиней) ротокас меттан абатехь ду. Абатан уггаре шира элп «о» ду, иза хийца ца делла тӀаьхьарчу 3300 шарахь, тӀеэцна финикийн абатера.