Дуьненайукъара гаьзлойн де
From Wikipedia, the free encyclopedia
«Дуьненайукъара гаьзлойн де» (инг. International Lefthanders Day) — алсама аьрру куьгаца гӀуллакх дечу нахана (гаьзлошна[1]) лерина официалан доцу Ӏида.
Дуьненайукъара гаьзлойн де | |
---|---|
Терахь | 13 августехь |
Викиларми чохь медиафайлаш |
«Дуьненайукъара гаьзлойн де» даздо хӀора шарахь 13 августехь. Дуьххьара и де даздира 1976 шеран 13 августехь Lefthanders International инициативица. Цхьацца хаамашца «Гаьзлойн де» дуьххьара даздира 1992 шеран 13 августехь цул ши шо хьалха кхоьллинчу Британин гаьзлойн клубан[2]инициативица.
Акцин Ӏалашо — гаьзлойн нехан тайп-тайпана гӀирсаш бечеран гаьзлойн баланийн тӀе тидам бахийтар: аьтту куьйган бинчу гӀирсашца болх бечу хенахь гаьзлоша шеш боьлла боцу боламаш бо, иза бахьнехь дукха хьолехь царна нервийн а, оьзгийн а стресс хуьлу. 1991 шарахь АЦШхь бинчу талламан жамӀашца, гаьзлой нах алсама келха белхан бохамашкахь[2].