From Wikipedia, the free encyclopedia
Джабна Руми (масри جبنة رومى Gebna Rūmi) — Мисаран нехчан сортех коьртачех цхьаъ, уггаре гӀараяьлла Мисрара онда нехча[1]. ЧӀогӀа хьожа ю, тайп-тайпана тӀегӀанера дуьро чам хуьлу (чомалахь латторе хьаьжжина)[2].
Схьаялар ду грекийн нехчанах Кефалотири. Манчего, Идиасабаль, Пекорино Романо нехчанийн доьзалера ю[3]. Йо цӀена аьттан шурех я аьттан шура гомаш шуьрийца иэйой[4]. Шо боллар ца леладо[5]. ТӀетоха мега Ӏаьржа бурч[4]. Кийча сурсат арахоьцу экъан кепара 10 кг барам болуш я вакуум йолу пхьегӀан чохь цастаршкахь. Еттача кӀадло, кӀеззиг даьтта а долуш, амма шен кеп ца хуьйцу[4]. Дааран мехалла — 100 г чохь 353 ккал, хьоналла — 28 %[6].
3—4 бутт баьлча цаста мега. 3 шо гергга хан яьлчи юккъера кхиаран тӀегӀане кхочу, 8—12 шо даьлча «шира» лору. Хан алсама мел ели кӀуон а, цуьргаш дуьйлуш а хуьлу[4].
Эксперимент еш лакхара 70 - 75 °C температурехь цӀиййеш, лахарчу 4 % - 2 % хьоналла йолчу шуьрех йора дика мегар йолуш нехча. Чекхъяьккхина шуран ультрафильтрат тӀетоьхча даьтта а, тӀуналла а охьаяьккхича, тӀекхетара белок, цуо нехчан консистенции алсама чӀагӀйо[7].
Аспергилл (Aspergillus ochraceus) матар ца тасийтархьама а, охратоксинан биосинтез ца хилийтархьама а, нехча шоврахь йоллучу хенахь лелайо шалмаз[8].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.