From Wikipedia, the free encyclopedia
БӀарг (лат. oculus) — дийнатийн сенсоран меже (меже бӀаьрсин система), таро йолу тӀеэца электромагнитан излучени серлонан диапазонехь тулгӀенан йохаллехь латтайо функци бӀаьрсинан. Адаман бӀаьрг чухула богӀу 90 % хаам гуонахара Ӏаламера[1].
Букъа сурт долчу дийнатийн бӀаьрг периферически дакъа ду бӀаьрсин анализаторан, цунна чохь фоторецепторан функци кхочуш йо нейросенсоран (фоторецепторан) сетчаткин клеткаш [2].
БукъдаьӀахк йоцу дийнатайн тайп-тайпана шен хӀоттоамца а, бӀаьрсин таронашца бӀаьргаш — цхаьаклетка йерш, дуккху клеткаш йерш, нийса хьоьжуш дерш а, хьовсийна (инвертированни) дерш, паренхиман, эпителиалан, атта, чолхе дерш.
Чолхе когаш долчера дукха хьолехь масийтта бӀаьрг хуьлу (наггахь шала ца хуьлу, масала, науплиаьни бӀаьрг искогболчеран) йа шиъ чолхе фасеточни бӀаьрг. Чолхе когаш долчеран хулу цхьана хеннах атта а, чолхе а бӀаьргаш. Масала, зӀуганий хуьлу шиъ чолхе а, кхоъ атта а бӀаьрг. Стулоцучера 3—6 парабӀаьргаш хуьлу (1 пара — коьртанаш, йа медиаланаш, дисинарш — агӀон тӀера). Щитни — 3. Эволюцехь фасеточни бӀаьргаш хилла атта бӀаьргаш цхьанакхетна. Гергара долу шен хӀоттамца атта бӀаргашна мечехвосташ а, стуолачера а, хетарехь, кхолладела чолхе бӀаьргех трилобитокепарчеран дайх цхаьнакхетта церан дакъалгаш.
Адаман бӀаьрг лаьтта бӀаьрган Ӏежах а, бӀаьрсин нервах шен чкъоьраца. Адаман а, кхечу букъадаьӀахк йолчеран а шишша бӀаьарг хулу, уьш лаьтта коьртан туьтан бӀаьрган кӀаьгнаш чохь.
И меже кхоллайелла цкъа, тайп-тайпана хӀоттам белахь а тайп-тайпана дийнатийн тайпанийн, цхьатерра генетикин код йу бӀаьргийн урхаллин. 1994 шарахь швейцарин профессоро Геринг Вальтера (нем. Walter Gehring) дӀайиллина ген Pax6 (и ген лору генийн говзанча, цуо жигаралица урхалла до кхечу генийн белхаца). И ген хуьлу адаман а, дуккху а кепийн, масала, сагалматийн, медузийн и ген. 2010 шарахь коьртехь В.Гериг волчу Ӏилманчийн тобанна, карийна Cladonema radiatum кепара медузийн ген Pax-A. БӀаьрг мозанна дрозофлна биллина, аьтто баьлла нормера бӀаьрг кхио, урхалла деш цуьнана белхан, аьтту баьлла бӀаьргаш дан массийтта хуьлуш доцучу меттигехь[3].
Генетически трансформацин гӀоьнца дӀамахӀиттадар, генаш eyeless дрозофилин а, small eye дехкан а йу лакхара гомологичность, оцо терго йо бӀаьрг киаран: генноинженерийн конструкцеш кхуллуш, цуьнан гӀоьнца йора экспресси дехкан генна тайп-тайпана имагиналан экъанца мозан, мозанна гучудовлура эктопически фасеточни бӀаьргаш когаш тӀехь а, тӀемаш тӀехь а, кхечу дегӀан меженаш тӀехь а[4][5]. Дийнна схьаэцча бӀаьрг кхиорна йукъозийна масийтта эзар ген, амма цхьанна «дӀадолоран гено» (ген говзанча) и генийн программо йолайо. Оцу гено шен функцеш оццул генара схьайар, сагалматашна а, букъадаьӀахк йолчеран а, тешалла до бӀаьрг йукъара схьабаларх массо шинаагӀор-симметри йолчу дийнатийн.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.