Боливар, Симон
From Wikipedia, the free encyclopedia
Симо́н Боли́вар (йуьззина цӀе — Симо́н Хосе́ Анто́нио де ла Санти́сима Тринида́д Боли́вар де ла Консепсьо́н и По́нте Пала́сиос и Бла́нко (испан. Simón José Antonio de la Santísima Trinidad Bolívar de la Concepción y Ponte Palacios y Blanco; Боливар дийна волуш хенахь цуьна фамили йазйора испан. Bolivar), 1783 шеран 24 июль, Каракас — 1830 шеран 17 декабрь, Санта-Марта, Колумби) — массарелла а Ӏаткъаме а, вевзаш волу а Америкехь йолу Испанин колонишан паргӀатйаакхаран тӀемашан куьйгалхо. Венесуэлин халкъан турпал. Генерал. Цо Испанехь паргӀат йаьккхира Венесуэла, Керла Гранада (тахана Колумби а, Панама а), Кито провинци а (тахана Эквадор). 1819 шо дуьйна дӀа 1830 шо кхаччалц Сийлахь йоккху Колумбин президент (и пачхьалкх кхоьллинера и массо а пачхьалкх вовшах тоьхна). 1824 шарахь цо Перу паргӀат йаьккхина Лакхара Перун латтан тӀехь кхоьллина Боливин куьйгалхо хӀоттира. 1825 шарахь оцу пачхьалкхан Боливар сий деш цьуна цӀе тиллира. Венесуэлин халкъан конгрессас иза (1813 шо) кхайкхавира ПаргӀатдаккхархо (El Libertador).
Симон Боливар | |
---|---|
Simón José Antonio de la Santísima Trinidad Bolívar de la Concepción y Ponte Palacios y Blanco | |
ГӀуллакхан тайпа | политик, офицер |
Вина меттиг | |
Кхелхина меттиг | |
Да | Хуан Висенте Боливар-и-Понте[d] |
Нана | Мария де ла Консепсьон Паласиос-и-Бланко[d] |
Симон Боливар Викилармехь |