Биографи
From Wikipedia, the free encyclopedia
Биогра́фи[1] (шир.-желт. βίος — дахар + γράφω — дӀайаздо; ма-дарра «дахар дӀайаздар») — иза адаман дахар дӀайаздар ду, кхечу адамаша йаздина долу йа цо ша̄ (автобиографи).
Биографино дахарехь коьрта хилларгаш чулаьцна хилла ца Ӏаш, дуьнен чу валаррий, схьаваларрий, дешаррий, гӀуллаккхий, болххий, доьзалан йукъаметтигашший, Ӏожаллий; иштта цо гойту дахарехь адамна зеделлерг а. Профилах а, автобиографих (резюме) а башхаллица дуьстича, биографино йовзуьйту субъектан дахаран истори, цуьнан дахаран тайп-тайпана аспекташ билгал а йеш.