From Wikipedia, the free encyclopedia
Барт[1] йа уба[2], оба[2][1] — безам, сий дар, кхи а гойтуш цхьаьна стаганна йа цхьаьна хӀуманна балдашца тӀехьакхадалар.
Оьрсийн меттан жима академин дошамера билгало: «Барт алар — безам гойтуш, хьостуш, маршалла хоттуш цхьанна балдашца тӀехьакхадалар»; «Оксфордан ингалсан меттан дошамехь»: «Барт, барт баккхар — балдашца тӀетаӀар йа тӀеӀоттадалар (цуьнца цхьаьна балдаш къевлина, ткъа тӀаьхьа уьш дӀадиллина) марзо а, безам а гойтуш, йа лерам баран а, сий даран акт; йа балдашца маршалла хаттар йа хьастар гойтуш»[3].
Барт олуш мара бохка тарло. Барт алар дукхачу говзаллин кхоллараллин тема йу[4].
Филематологи — адамо барт аларан физиологин а, психологин а башхаллаш Ӏамо дисциплина.
Барт алар лору романтикин йа кхин дика синхаам нормехь гайтар дац массо а адаман оьздангаллашкахь, дуккха оьздангаллашкахь иза ду комфорт йоцу йа безамбоцу адамашна йукъара йукъаметтигийн хьесап[5]. ТӀаьхьарчу Ӏилманан талламашца, йукъаралла чолхе мел хуьлу, барт аларш алсама хуьлу[6]. Действия, сходные с человеческим поцелуем, можно наблюдать у обезьян шимпанзе и бонобо[7].
Цхьацца антропологаш, барт алар, цӀубйар йа хенал хьалха цӀубйар бахьнехь, инстинктаца а, интуицица а кхолладелла лору, кхечарна хета, барт алар кхолладелла хин йолу зуда йа хин волу майра, цуьнан туьйн чомаца, могаш хилар толлуш, ткъа кхоалгӀачара тардолийта, иза схьаэцна леларах.[8]
Барт аларан историн говзалла йолчу Техасан университетан A&M антропологан Брайант Вона дийцарехь, уггаре хьалхара барт аларх тера леларех дерг, схьадолу Ведашкара, санскритийн жайнашкара, уьш дийшина хӀиндуизман, буддизман, джайнизман бух тӀе 3500 шо гергга хьалха.
Барт алар — адамийн эмоцеш гайтаран хьесапех цхьаъ. Йаккхаран контекстах а, дакъойх а доьзна, синхаамийн шуьйра спектр гайта тарло.
Йукъарчу меттигехь барт аларо гойту адаман дика синхаам, дукха хьолехь безаман синхаам. Барт алар даггах а, дегза а хила тарло. Христианийн оьздангаллера уггаре бевза дегза барт алар — «ЙахӀудан барт алар», схьабогӀу Библин йозанера, цунах хила идиома («ЙахӀудин барт алар»), цуо гойту адаман уггаре лакхарчу тӀегӀанан йамартло. Инжилан исторешца, Ӏийса пайхамаран дешархой цхьаъ волу Искариот ЙахӀуда, воьхкина иза, салташна гайтина иза барт баьккхина.
Эмоцин барт алар шина адманна йукъахь хуьлу, иштта барт ала тарло шен дегӀан декъана, дийнататана, са доцу хӀумнашна. Барт аларан хӀора кепо гойту башха эмоцин бос. Иштта, латтан барт аларо гайта тарло дуккха сатийсина керла меттиге йа стаг хиланза дукха хан йолу меттиге кхачар. Даймехкан латан йа пачхьалкхан байракхна барт аларо гайта тарло Даймахке безам а, цунна тешаме хилар а. Герзан барт аларо гойту тӀемлочун декхарна тешаме хилар.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.