![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/9/91/Martyrdom_of_Saint_Ursula%252C_by_Hans_Memling.jpg/640px-Martyrdom_of_Saint_Ursula%252C_by_Hans_Memling.jpg&w=640&q=50)
Барзакъ (герз)
From Wikipedia, the free encyclopedia
Барзакъ, Лардаран герз[1] — шираллехь а, йуккъера бӀешерашкахь а тӀемлочун дегӀан тайп-тайпана дакъош лардаран герз[2], наггахь тӀеман динан дегӀ а, туьйсина металлан кийсиг (комплект).
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/0/06/Andreas_Groll_Armor_1857.jpg/320px-Andreas_Groll_Armor_1857.jpg)
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/9/91/Martyrdom_of_Saint_Ursula%2C_by_Hans_Memling.jpg/640px-Martyrdom_of_Saint_Ursula%2C_by_Hans_Memling.jpg)
Нохчийчохь шира дуьхьалонан барзакъах олу гӀагӀ. Европехь XVII бӀешо кхаччалц тӀемашкахь леладора, наггахь доцург, деккъа (шийла) герз, цуо бора 90 % берриг иэшамех девнашкахь, тӀемашкахь, жамӀ хуьлура чучча бахана летча. Цундела барзакъ пайденна а, Ӏалашо кхочушйен а тайпана герз дара. ТӀаьха, дораха а, эвсаре а долу куьйган до́лу герз (мушкеташ) йукъадаларца дехьабевлира массийн эскаршка. Иза бахьнехь, дуьззина гӀагӀнаш оьцучул, дораха хуьлу ахархойн тоба а лаьцна, царна герз тоха Ӏамор. Иштта европин эскаршкара барзакъаш дӀадолу тӀеман арара, и процесс коьртаниг чекхйаьлла XVIII бӀешо долалуш. Дукхаха болчара барзакъаша долу герзах а, артиллерех а дика ца ларво бахахь а, ма-дарра аьлча уьш дерриш дӀа ца довлу, уьш деза хиларна эца таро ца хуьлура хьал долчу чкъоьрийн бен. Кхин дӀа Ӏаьржа металлурги кхиарца йукъайовлу йукъараэскаран лардаран гӀирсаш — кирасаш.
Долу герз даржале барзакъаша къастабора тӀемлой, ткъа «герз» дашо билгалдоккхура иза. Иза доьзна дара, барзакъаш, шийла герзал, дан а, эца а хала долун дела, уьш кечдаран технологеш чолхе хиларна а, гӀирс дукха безарна а, ткъа кхин а хӀора дийнахь лело аьтту боцуш а долун дела. Адаман дораха доцу тур хиларо йа кхин герз хиларо, цхьа хӀума ца гойтура йа, цхьацца пачхьалкхашкахь, мехкашкахь, муьрашкахь, билгалдоккхура гӀоле чкъоьрера хилар — ткъа оццу хенахь, тӀебоьхна тӀергамо, гӀемо йа турсо сихха кхетавора, и стаг кестта ша санна герзах воьттинчу мостагӀана герз дуьхьала доккхуш вуй.
Барзакъийн йоккха коллекци гулйина Эрмитажехь[3].