From Wikipedia, the free encyclopedia
Анатоми (желтойн маттахь аνατομία «хадо»)- организман а, цуьнан декъийн а дӀахӀоттам Ӏамош долу биологин дакъа ду[1]. Иштта анатоми- садолчу хӀуманийн дӀахӀоттаман организаци Ӏамош ӀаламӀаморан дакъа ду. Историл хьалхара заманчохь кхолладелла, шира Ӏилма ду иза[2].
Анатоми кхиаран биологица а, эмбриологица а, дустаран анатомица а, эволюцин анатомица а, филогенетикан диттаца а къасталур доцу Ӏилма ду, хӀунда аьлча, анатоми церан процессийн гӀоьнца кхуьуш схьайогӀуш ю[3].
Организмийн а, цуьнан декъийн а дӀахӀоттам а, функцеш а Ӏамош йолу анатоми а, физиологи а къасталур доцу ши низам ду. и дисциплинаш кест- кеста цхьана Ӏамайо.
Адаман анатоми- медицинехь пайдаоьцуш а, уггаре а коьртачех цхьаъ долу кӀорггера (фундаментале) Ӏилма ду[4].
Анатомин дисциплина шина декъе екъалуш ю: макроскопан а, микроскопан а. Макроскопан анатоми йа адаман топографин анатоми- бӀаьргаца а дийнатан дегӀан таллар ду. ТӀехулара анатоми (я бӀаьран анатоми; инг. surface anatomy) адаман топографин анатомин дакъа ду. Микроскопан анатомехь тайп-тайпана дӀахӀоттам болу чкъураш а, клетканаш а толлуш оптикин гӀирс лелабо. Ткъа чкъураш Ӏамочу декъах гистологи олу.
Анатомин башхалла ю адаман органех а, дегӀан дӀахӀоттаман функцех а хьалхатаӀаме кхетар хилар.
Де дийне мел дели цуьнан кепаш (методаш) кхуьуш, талуш схьайогӀуш ю. Хьалхалерачу заманчохь йелла хӀуманаш а, чархаш а этӀа а йора. Ткъа XX-чу бӀешарахь медицинан визуализаци кхоллаелла, цу юккъе йогӀуш ю рентгенан а, ультраозан а, мисарболатан(магнитан)-резонансан томографи а.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.