![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/b/b7/Human_bones.ce.svg/langce-640px-Human_bones.ce.svg.png&w=640&q=50)
Адаман даьӀахкийн чарх
From Wikipedia, the free encyclopedia
Адаман даьӀахкийн чарх[1], йа Адаман скелет (лат. Skeleton) — кхиинчу адаман скелет 200 сов дьаьӀахках хуьлу[2].. Дукхачу хьолах хоттаргашца а, кӀозйухаргашца а, вовшахтесна йу скелетан даьӀахкаш. Дуьненчу долаш беран даьӀахкаш мелла а алсам хуьлу, амма доккха мел хуьлу, цхьацйолу даьӀахкаш чӀагӀлуш вовшах кхета. Боьршачу стеган даьӀахкийн чарх итт кийла гергга хуьлу, зударийниг — ворхӀ кийла гергга. ДаьӀахкийн йоккха-жимий, стомма-юткъий хиларх хӀутту адаман дегӀан сурт-кеп[3].
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/b/b7/Human_bones.ce.svg/320px-Human_bones.ce.svg.png)
• 2 — некхан ваз,
• 3 — куьг-меженан даьӀахкаш,
• 4 — букъсурт,
• 5 — юхан даьӀахк,
• 6 — ког-меженийн даьӀахкаш,