Адаман даьӀахкийн чарх
From Wikipedia, the free encyclopedia
Адаман даьӀахкийн чарх[1], йа Адаман скелет (лат. Skeleton) — кхиинчу адаман скелет 200 сов дьаьӀахках хуьлу[2].. Дукхачу хьолах хоттаргашца а, кӀозйухаргашца а, вовшахтесна йу скелетан даьӀахкаш. Дуьненчу долаш беран даьӀахкаш мелла а алсам хуьлу, амма доккха мел хуьлу, цхьацйолу даьӀахкаш чӀагӀлуш вовшах кхета. Боьршачу стеган даьӀахкийн чарх итт кийла гергга хуьлу, зударийниг — ворхӀ кийла гергга. ДаьӀахкийн йоккха-жимий, стомма-юткъий хиларх хӀутту адаман дегӀан сурт-кеп[3].