From Wikipedia, the free encyclopedia
Йаззамехь йуьйцу Абхазин Республикин а, Къилба ХӀирийчоьнан Республикин хӀинца йолу дуьненайукъара-бакъонийн статус, ткъа иштта тӀаьхьа хила тарло хийцамех хаамаш а буьйцу.
Къилба ХӀирийчоьнан Республикин (КЪХӀР) Лакхара Кхеташоно республикин маршо кхайкхийна 1992 шеран 29 майхь[1] Гуьржийчоьнца герзашца дов хиллачул тӀаьхьа.
Абхазиc маршо кхайкхийра 1992-1993 шерашкахь Гуьржийчоьнца тӀом хиллачул тӀаьхьа. Шена чохь республико маьрша пачхьалкх а, дуьненайукъара бакъонийн субъект а кхайкхийна йолу цуьнан конституции тӀеийцира Абхази Республикин Лакхарчу Кхеташоно 1994 шеран 26 ноябрехь [2].
Маьрша республикаш кхайкхоро шуьйра дуьненайукъара гӀовгӀа ца яьккхира, 2000-гӀа шерийн шолгӀа дакъа тӀекхаччалц и пачхьалкхаш цхьаммо а къобал ца йира.
2006 шарахь Абхазис а, Къилба ХӀирийчоьно а вовше къобал йира; цул сов, церан маршо къобал йира къобал янза йолчу Депрйисттера Молдавин Республико а, Ломан-Карабахан Республико а.
Дуьненахь уьш къобал яран хьал хийцаделира Къилба ХӀирийчура тӀом чекхбаьлча 2008 шеран августехь.
Дов хиллачул тӀаьхьа шинне республикин маршо къобал йира Российс. Цунна доьхьала Гуьржийчоьнан парламенто «Гуьржийчоьнан мохк Российн Федерацис дӀалацарх лаьцна» цӀе йолу сацам бира[3].
И хиламаш чекхбевлча реакци хилира кхечу мехкийн а, дуьненайукъара кхолламийн а.
Мохк | Абхази къобал йина терахь | Къилба ХӀирийчоь къобал йина терахь | Коьрта дуьненайукъара кхолламашкахь дакъалацар | |
---|---|---|---|---|
1 | Российн Федераци | 26 августехь 2008 | 26 августехь 2008 | ВКЪКХ КХКХ (гуттаренна декъашхо) ЛПД ОДКБ ШЮДКХ |
2 | Республика Никарагуа | 5 сентябрехь 2008 | 5 сентябрехь 2008 | АЛБА АПКХ |
3 | Боливаран Республика Венесуэла | 10 сентябрехь 2009 | 10 сентябрехь 2009 | АЛБА КЪАКЪКХ ОПЕК |
4 | Республика Науру | 15 декабрехь 2009 | 16 декабрехь 2009 | ТОГӀФ Къамнийн ДоттагӀалла |
5 | Шеман Ӏаьрбийн Республика | 29 майхь 2018 | 29 майхь 2018 | — |
Мохк | Абхази къобал йина терахь | Къилба ХӀирийчоь къобал йина терахь | Статус | Дуьненайукъара кхолламашна йукъахь хилар | |
---|---|---|---|---|---|
1 | Абхази | 17 ноябрехь 2006 | Цхьаццама къобал йина | ЛДП-2 | |
2 | Къилба ХӀирийчоь | 17 ноябрехь 2006[4] | Цхьаццама къобал йина | ЛДП-2 | |
3 | Приднестровье | 17 ноябрехь 2006[4] | 17 ноябрехь 2006 | Къобал йанза | ЛДП-2 |
4 | Саьхьаран Ӏаьрбийн Демократин Республика | — | 30 сентябрехь 2010 (де-факто)[5][6][7][8][9][10][11] | Цхьаццама къобал йина | Африкин барт |
2008 шеран 18 февралехь РФ Пачхьалкхан думас сацам-реакци йира Косовн маршо кхайкхорна а, иза ВКЪКХ Кхерамазаллин кхеташонан пхийттаннах йалх декъашхочо къобал йарна а, цунна чохь билгалдаьккхина, оцу факташа РФ некъ босту советийн хиллачу аренашкара къобал банза мехкийн статусан хаттар кхочуш дан (аьлча а Къилба ХӀирийчоьн, Абхазин, Приднестровьен, Ломан Карабахан).
2008 шеран 8 августехь буьйлабелира жигара тӀемаш цхьаьна агӀора Гуьржийчоьний, вукха агӀора Абхазиний, Къилба ХӀирийчоьний. Росси официалан девна йукъаяхара тӀаьхьарчеран агӀора.
2008 шеран 20 августехь Абхазин парламента дийхира Российга республикин маршо къобал яр[12].
2008 шеран 21 августехь и дехар къобал дира Абхазин дерриг къоман гуламо[13].
2008 шеран 22 августехь иштта дехар деира Къилба ХӀирийчоьнан парламентера[14].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.