From Wikipedia, the free encyclopedia
Чермой — Нохчмахкахойн тукхумера нохчийн тайпа[1]. Тайп L3 гаплотобан йукъара ду[2]. Декъало гарашна а, некъешна а: Биги гар, Галай гар (L3), ГӀойсам некъе, КӀорни гар, Ражап некъе, Чипи некъе (L3), Юьхк некъе.
ХӀХ бӀешарахь Чермой эвла Хул-Хулон бердашца хилла. Чермойн доза хилла Хорачаца, ЧӀебарлаца, Садаца, Саьрбалаца, Дишни-Веданца, Элистанжаца. Дахар халахиларна Чермой охьабиссина акъари тӀе, баьржина йерриг Нохчийчухула. Дукхах берш охьахевшина Бас хин тогӀи чу, МахкатӀе эвла кхуллуш. Чермойн лам тӀиера МахкатӀе кхалхаран бахьана имам Шемалан эскаршна дежийлаш ца тоар хилла, цуо далийтина чермойн дежийлашна дуьхьала и латташ [1].
Чермойн мехкан йукъайогӀуш хилла нах беха меттигаш: ГӀарчханан кӀотар, ГӀотанаш Ӏийначу тӀехьах, Дуццахотие, Кхо-кха долтӀие, МахкатӀе, Мусаханан кӀотар, НикӀижан кӀотар, Садой, Селман-Тевзана, Тевзана, Тевзинхойн кӀотар, Туьнкахана, Хоттане, Хьаьмцан кӀотар, Чуьра лам, ЭгIашта, Яхьяйн кӀотар [3].
Чермойн лам – ломан бохь Веданан кӀоштехь; лаьтта шина хин йукъахь Кокичохь а, Хул-Хуло а. Локхалла – 2361 метр[4]. Лам бахбелла лаьтта къилба-малхбузера МахкатӀера къилбаседа-малхбалерачу Хул-Хуло хин йисттерачу Хорача кхаччалц, Веданан къилбехьа буьсу[1]. Орониман кхин цӀе – Горга лам. Тайпанан Чермойн лам тӀехь шира маьлха кешнаш ду, культан меттигаш ю, царна йукъахь Тишоли тӀе. Баха хала долун дела аренан юьрташка охьахевшина, дуккха а Басс хин майдане, МахкатӀе а кхуллуш. Чермойн ломан дакъа ду Хорачан гергара Беха лам[5].
А.Д.Вагаповс а, Р.П.Ахмадовс а йоьхку субэтноним чермой нохчийн «черманца», жамӀ до тайпанан цӀе церан белхан говзаллех схьаяьлла, цара черманаш деш хилла олий[9].
К.З.Чокаевс Чармой дош доькъу масех декъе: «ча» – экхан цӀе, «ма» – цӀуйн динехь маьлхан делан цӀе, «р» – дожаран чаккхе, «ой» – суффикс[10].
С.Х.Нунуевс дийцарехь, Чармой тайпа ЧӀармахой тайпанан га ду.
Чермой беха йарташ: Гал-ГӀала, ГӀойтӀа[7], Жима АтагӀа[11], Левобережни, Керла Солкушино, Новр-ГӀала, НогӀамирзин-Йурт[12], Соьлже[13], Фрунзенски, Цоци-Эвла[14], ЧӀулга-Йурт[15], Ӏалхан-Йурт[16], Ӏелин-Йурт.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.