Уралан пачхьалкхан техникин университет — УПИ
From Wikipedia, the free encyclopedia
From Wikipedia, the free encyclopedia
Ура́лан пачхьа́лкхан те́хникин университе́т — УПИ́ Кировн цӀарах (УПТУ-УПИ) — Екатеринбургера лдм. 1992 шо кхаччалц цӀе Уралан политехникин С. М. Кировн цӀарах институт, 1992 шарахь дуьйна — УПТУ (УПТУ-УПИ), 2008 шеран 23 апрелехь дуьйна Б. Н. Ельцинан цӀе тиллина[2]. 2010 шарахь Уралан пачхьалкхан А. М. Горькийн цӀарах университетца цхьаьнатоьхна кхоьллина Уралан федералан университет.
Уралан пачхьалкхан техникин университет — УПИ Российн хьалхара Президентан Б. Н. Ельцинан цӀарах (УГТУ-УПИ) | |
---|---|
Логотипан сурт | |
Дацдар | УГТУ-УПИ |
Халкъашна йуккъера цӀе | инг. Ural State Technical University |
Хьалхара цӀе | Уралан политехникин С. М. Кировн цӀарах институт, Уралан индустрийн институт |
Девиз | лат. Ingenium Creatio Labor |
Кхоьллина шо | 1920 |
Хийцам бина | Уралан федералан университет |
Хийцам бина шо | 2009 |
Тайпа | Техникин университет |
Ректор | А. И. Матерн |
Президент | C. С. Набойченко |
Студенташ | 40 300[1] |
Аспирантура | 1 124 |
Хьехархой | 2 171 |
Лаьтта меттиг | Росси, Екатеринбург |
Юридически адрес | 620002, Росси, Екатеринбург, Машаран урам, 19. |
Сайт | сайт = http://urfu.ru/ |
СовгӀаташ | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
1894—1896 шерашкахь оцу хенахь арахоьцуш хиллачу газеташкахь дуьйцура Уралехь техникин лдм кхолларх. Махкара гӀуллакххоша, Уралан Ӏаламдезархойн йукъараллаша жигара дуьйцура и гӀуллакх, лакхара ишколан тайпанах а, программех а, иза кхолларан меттигах, финансийн хьостех. Урхаллин меженашка, цуьнан хьокъехь хьажийра, масех дехар. Д. И. Менделеев шуьйрачу программица гӀиртира Уралехь промышленностан говзанчаш кечбаран система кхолла. Амма и проекташ кхочуш ца йира, хӀунда аьлча Уралан маьӀданан заводхоша оцу Ӏалашонна ахча ца лора. Уралехь лакхара техникин ишкол йилларан белхана Ӏаткъам бира гӀийлачу экономико. Уралан дечиган кӀоран тӀехь йолу металлургин лахара техникин тӀегӀа, лелош йара кегийра заводийн масштабехь, тиша техника хиларо сецайора интеллигенци кхиар[3].
XX бӀешеран юьххьехь иккхина экономикин къоьлло гӀуон Ӏаткъам бира Уралан маьӀданан заводийн промышленностана. Къоьллин шерашкахь (1900—1909) мехкан къилбан заводийн дайша шуьйра тӀелетира ламастан уралан базаршна. Керла заводаш яхкар сецира, гӀирс тишлора, заводаш дӀакъуьйлуш йара. 1909 шарахь Уралехь чуьна дар дуьйжира XIX бӀешеран йуккъехь хиллачу тӀегӀане. Къоьллин хиламаш а, депресси а ца иэшийра 1910 шарахь бен. Берриг махкахь хилла экономикин йукъара айам, баьржира Уралан маьӀданан заводийнпромышленностехь а. Металлургин сурсаташ иэшар алсама даьлла заводаша шордора арахецар, гӀирсаш карлабохура, белхалойн меттигаш алсама бохура. XX бӀешеран юьххьехь тӀекхийтира Уралехь инженераш кечбаран лдмаш дӀаелларан дехарш. Деккъа 1910—1911 шерашкахь дахьийтира ткъа сов дехар[4].
1910 шеран сентябрехь Екатеринбурге веина Министрийн Кхеташонан председатела П. А. Столыпина, махлелоран а, промышленностан а министре йаздинчу кехатехь билгаладоккхура
тешна Уралехь лакхара техникин дешаран меттиг йиллар дӀататта кхин йиш ца хиларх.
Ламанан институт дӀаелларан закон чӀагӀдира 1914 шеран 3 июлехь. Цуьнца план йара 14 кафедра дӀаелла: математикин, теоретикин механикин, физикин, химин, прикладн геологин, прикладни механикин, электротехникин, металлургин. Дешаран курс лерина йара 4 шарна. Институтан штатехь хила таро йара 19 ординаран а, экстраординаран а профессор, 15 штатан хьехархо, 6 лектор. Амма институт 1914 шарахь дӀа ца йиллира, студенташ дӀаэца пурба ца делира. Лдм кхуллуш болу кечаман белхаш бахбелира кхин а масех шарна[5].
Университет йиллира 1920 шеран 19 октябрехь Халкъан Комиссарийн Кхеташонан «Уралан Пачхьалкхан Университет кхолларах лаьцна» цӀе йолчу декретаца. Факт йу ала мегар долуш ду, иза дӀаеллар Уралан ламанан Императоран Николай II-гӀачун институтан хиллачу гӀишлонан чохь, иза чӀагӀдира 1914 шеран 3(16) июлехь, дӀайиллира 1917 шеран январехь[6]. 1917 шеран апрелехь дешар институтехь сацийра. Институтан болх карлабелира 1917 шеран 9(22) октябрехь. Студентийн а, хьехархойн а коьрта дакъа (царна йукъахь ректор П. П. фон Веймарн) кхелхира 1919 шеран июлехь Владивостоке Колчакан эскарца, мебелна а, гӀирсна а талораш дина. Официалан университет дӀаеллар хилира 1921 шеран 8 январехь.[7]
Уралан пачхьалкхан университетан йукъа йолхара:
Къоьлла, ялта ца кхиар, 1921 шеран Ийдалйистан мацалло таро ца йира Советийн Ӏедалан лакхара дешар кхио. 1922 шарахь ерриг а мехкан ЛДМашна финансаш елира хьалха цхьаьна Москохан университетан луччул. Уралан университетан пачхьалкхо латто рицкъ оьшучул а шозза кӀезиг дара, дисина рицкъ хьажадора меттигерачу промышленностан предприятешка, шахташка, рудникашка. 1921—1922 шеран Ӏай иккхира дуучун а, дагочу а къоьлла, хьедора алапа далар, паёк ялар, дагорг далар. Ӏилманан ницкъаш дӀаэха буйлабелира: дӀабахара промышленносте говзанчаш, церан Ӏилманан гӀуллакх чӀогӀачу уьйранашца арахецараллица дихкина дара; профессурин цхьа дакъа йухадирзира Москоха а, Петрограде а[9].
1922 шарахь институташка йекъайалар дӀадаьккхира, университетан йукъахь 3 факультет йисира: химин-металлургин (шена йукъайогӀура иштта химин а, инженерин-хьунан дакъа) а, ламанан а, медицинин а. 1924 шарахь медицинин факультет дӀаелира Перман пачхьалкхан университетан. Дуьххьарлера арахецар хилира 1924 шарахь, цуо мехкан ялх инженер велира. 1925 шеран 15 майхь РСФСР Халкъан комиссарийн кхеташонан сацамца Уралан Пачхьалкхан Университетан цӀе хийцира Уралан политехникин институт (УПИ) аьлла. Цул тӀаьхьарчу шерашкахь институтехь кхоьллира (я метахӀиттийра) факультеташ: геологи талламан, рудникин, хьуьнан промышленностан, механикин. 1929 шарахь йиллира гӀишлошйаран факультет, ткъа химин-металлургин факультет йийкъира химин а, металлургин а факультеташна[10].
1923 шарахь дуьйна уралан промышленносто Уралан университетан техникин факультеташна проценташ ялар бахьнехь, студентийн хьал тодала доладелира[11].
1959 шарахь 5 курсан Дятлов Игорь куьйгаллехь волу УПИн студентех а, арахецначарех а лаьтта туристийн тоба, новкъа елира ламанан походе. ЖамӀехь ерриг туртоба кхелхира, баларан хьал хӀинца а хаанза ду.
Студентийн спортан база йу Ӏаьнан а, аьхкенан а стадионаш, 11 башха спортан залаш, 2 когсалазий база. Университетан векалш масийттаза хилира яккхийн спортан дуьненайукъара къийсамийн толамхой, царна йукъахь Олимпийн ловзарийн, Дерригдуьненан универсиадийн, дуьненан а, Европин а чемпионатийн. Дуьххьара, 1982 шарахь, уггаре лекха дуьненан бохь Эверест къарбинчарна йукъахь вара — С. Ефимов а, Е. Виноградский а[12].
Университетехь йина профессионалийн спортан клубаш: баскетболех, мини-футболех, гандболех ловзарехь, яйнлегкой атлетикан, тархаш тӀевийларан, боксан[13]. Еккъа 1996 шарахь студенташа йаьккхина 2 детин мидал Олимпийн ловзаршкахь (Атланта, АЦШ), 7 стаг дуьненан чемпион хилира. 1995 шо кхачале университето кечвира 5 спортан хьакъ долу говзанча, 20 спортан дуьненайукъара классан говзанча, 578 спортан говзанча, 4889 спортан говзанчийн кандидат а, I-ра тӀегӀа йолу спортхо а. Йина Российн Лакхара лигин говзанчийн 4 команда[14].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.