From Wikipedia, the free encyclopedia
Сина́н (1489 шеран 15 апрель, АгӀирнас йурт (Кайсери уллехь) (эрм. Մաժակ, Мажак) — 1588 шеран 7 февраль, Истмала) — массарелла вевзаш волу Хункар-мехкан архитектор а, инженер а. Цуьна йуьззина цӀе йу Абдульменна́н огӏлу́ Синанедди́н Юсу́ф (турк. Abdülmennan oğlu Sinaneddin Yusuf), иштта и вевзаш ву Ходжа́ Мима́р Сина́н Ага́ (турк. Hoca Mimar Sinan Ağa цӀарца — эла хьехархо архитектор Синан), йа Мима́р Сина́н (турк. Mimar Sinan — архитектор Синан). 1538 шо дуьйна дӀа коьрта османийн архитектор а, инженер а даржехь цо байтина гӀишлош йеш белхаш Сулейман I а, Селим II а, Мурад III паччахьаш болу хенахь.
Мима́р Синан | |
---|---|
Mimar Sinan | |
Бакъ цӀе | Юсуф |
ГӀуллакхан тайпа | архитектор |
Вина терахь | 1489 шеран 15 апрель |
Вина меттиг | АгӀирнас йурт (Кайсери уллехь) (арм. Мажак) |
Кхелхина терахь | 1588 шеран 7 февраль (98 шо) |
Кхелхина меттиг | Истмала |
Корматалла | архитектор |
Мима́р Синан Викилармехь |
Цо куьйгал деш йина дукха гӀишлош — маьждигаш, исламан хьалхара школаш (мектеб), акведукаш, чӀагӀонаш, тӀайнаш, тӀема хенахь хилла походашкахь дехьавалараш. Цо хӀоттийна проекташца йина Роксолана банеш а, цуьна мавзолей а. Синанан дешархо Седефкар Мехмет Ага хӀоттийра Истмалехь дина Сийна маьждиган проект. Кхоьчу дешархош йира Мостарехь (Босния а, Герцеговина а) долу Шира тӀай. Сирийн архитектор Устада Иса Ханс хӀоттийра Сийлахь-баккхи Моголан имперехь йина Тадж-Махалан проект.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.