From Wikipedia, the free encyclopedia
Оьрсийн-шведийн тӀемаш — Российна а, Швецина а йукъара тӀемца долу девнаш.
Шераш | ЦӀе | Толамхо |
---|---|---|
1142—1164 | Хьалхара шведийн жӀарахойн тӀелатар | Новгородан республика |
1187 | Коьрта шахьран Сигтунин тӀелатар | Новгородан республика |
1240—1250 | ШолгӀа шведийн жӀарахойн тӀелатар | Новгородан республика |
1293—1295 | КхоалгӀа шведийн жӀарахойн тӀелатар | Билгала дац |
1311—1323 | Шведийн-новгородан тӀом | Билгала дац |
1348—1349 | ДоьлгӀа шведийн жӀарахойн тӀелатар | Новгородан республика |
1495—1497 | Оьрсийн-шведийн тӀом | Билгала дац |
1554—1557 | Оьрсийн-шведийн тӀом | Росси |
1558—1583 | Ливонан тӀом | Швеци а, Речь Посполити а |
1590—1595 | Оьрсийн-шведийн тӀом | Росси |
1610—1617 | Оьрсийн-шведийн тӀом | Швеци |
1656—1658 | Оьрсийн-шведийн тӀом | Билгала дац |
1700—1721 | Сийлахь-Боккха Къилбаседа тӀом | Росси |
1741—1743 | Оьрсийн-шведийн тӀом | Росси |
1788—1790 | Оьрсийн-шведийн тӀом | Билгала дац |
1808—1809 | Оьрсийн-шведийн тӀом | Росси |
Швецин а, Киевн Русьна а йукъара тӀемийн йуьхьиг хьалайоьду XIII бӀешеран йуккъе. Оцу хенахь къовсаме болу Финнийн айманан берд лаца гӀертара новгородхой а, шведаш а.
1187 шарахь Швецехь гражданийн тӀом болуш, чӀогӀа ницкъ бира шведашна славянийн православин бахархой алсама болу шведийн коьрта шахьран Сигтунин тӀелатаро. Карелин тӀемлошца кеманийн флотили къайлаха чекхйелира шведийн шхерашкахула Сигтуне. Шведийн коьрта шахьар штурмаца йаьккхира, вийра Упсалин католикийн епископ. Сигтуна мукъайаьккхинчул тӀаьхьа, шведаша оьрсийн бахархошна репресси йира, карелашна – Новгорадан республикин бахархойн а, бартхойн а дуьхьало ца йарна, йохийра православин килс. Новгородхоша тӀелатарехь дакъа лацар хила тарло, амма хьосташа дуьххьара дӀа тӀе ца чагӀдо. Швеци гӀелйалар пайдехь дара Новгородна, амма бала хьийгира Сигтунин православин славянийн бахархоша.
1807 шарахь Александр I-чо а, Наполеон I-чо а Тильзитан машар бина, чекхбаьккхира оьрсийн-пруссин-французийн тӀом. Тильзитан машар бича, Александр I-чо кховдийра шведийн паччахье Густаву IV-гӀачуьнга шен йукъарло Наполеонца маслаӀат дан. Машаран бертан цхьа бехкам бара Российн импери Йоккха Британин йина континентан блокадех схьакхетар бара (блокада йара Наполеона йина экономикин а, политикин а система). Иштта блокадех кхета дагахь йара Данин паччахьалла а. цунна дуьхьала 1807 шеран августехь Йоккха Британис паччахьаллин коьрта шахьран Копенгагенна тӀе а летта, схьалецира йерриг данин тӀеман флот. Густав IV-чо и кховдам дӀа а теттина, Ингалсчоьнца герга йахаран некъ лецира, ткъа иза къуьсуш йара шен мостагӀе волчу Наполеонца. Россий а, Йоккха Британин а зӀенаш хедира — вакилаташ хӀораммо а цӀа кхайкхира, болабелира буьйда тӀом. 1807 шеран 16 ноябрехь Российн правительствос йуха а кховдийра шведийн паччахье йукъаметтиг тойар, амма шина баттахь гергга цхьан а жоп ца догӀура. ТӀаьххьара, Густав IV-чо жоп делира, французаша Балтика хӀордан гаванаш дӀахеццалц 1780 а, 1800 а шерашкара берташ кхочуш бан йиш йац аьлла. Оцу хеннахь хиира, шведийн паччахь Даница болчу тӀамехь кечлуш вуй Ингалсчоьнна гӀо дан, цаьргара Норвеги схьайаккхархьама. Дерриг оцу хьелаша император Александр I-чунна бахьна лора Финлянди йаккха, Ӏалашо йара шайн коьрта шахьаран кхерамазалла латтор луларчу Российца гома йолчу пачхьалкхах.
1808 шарахь оьрсийн эскар (24 эзар гергга) дозанца дӀахӀоьттира, Фридрихсгамна а, Нейшлотна а йуккъехь, куьйгалла дан тешам беллера графанна Буксгевденна. Шведийн Финляндехь оцу хенахь 19 эзар эскар дара, цхьаьна ханна хӀоттийна инарлин Клеркеран хьаькмаллехь. Коьртабаьчча, граф Клингспор, хӀинца а Стокгольмехь вара, цигахь массо а дог дохуш бара цакхетам машаре дӀаберзорна: ша паччахь тешаш вацара оьрсийн эскарш Выборган губернехь хӀоьттина ду аьлча, шведийн эскар тӀеман хьоле даьккхина дацара.
ТӀом кхайкхина боццушехь, оьрсийн эскар 9 февралехь дозанал дехьа делира. 18 февралехь граф Буксгевден Гельсингфорс чувелира; шведийн эскарш чӀагӀделира Свеаборгехь. 23 февралехь граф Клингспор йухавелира Таммерфорсе, омар делира дерриг къилбаседа Финляндехула дӀасакхийсина тобанашка цига тӀейуьйла аьлла. Цунна тӀаьххье Тавастехус дӀалецира оьрсийн эскарша.
27 февралехь Буксгевден омар делира элина Багратионна Клингспорна тӀаьхьара ма вала, ткъа инарлина Тучковна — цуьнан йухаваларан некъ хадабе аьлла; ша Буксгевдена сацам бира Свеаборган гуо латто. Свеаборган аьттонца гуо латторехь коьртаниг хилира Готланд гӀайре йаккхар — цуо сагатдина шведийн правительство флотан даккхий ницкъаш хьажийра гӀайре йухадерзо, оцу балхо Свеаборган турслойн хӀордан тӀера эвсаре гӀо дӀадаьккхира[1].
Шведаш дуьхьало ца йеш йухабевлира Брагестад йолчу, амма Свеаборг 26 апрелехь карайахара оьрсийн эскаршна. Толамхошна кхечира 7,5 эзар йийсархо, 2 эзар сов топ, тайп-тайпанна тӀаьхьалонна дӀайехкина хӀумнаш, 110 тӀеман кема. Кхин а хьалха, 5 мартехь, карайахара Свартхольм гӀап; оццу хенахь ала мегар долуш дӀалаьцна чӀагӀбина мара Гангут а, Аландан гӀайренаш а. Кхин дӀа аьтту рогӀ-рогӀанна хуьлура. Шведийн эскаршна гӀолоцура финнийн бахархоша, оьрсийн эскарна дуьхьала партизанийн тӀом латтош.
1809 шеран 6 (18) мартехь Багратионан корпусо дӀалецира Аландан гӀайренаш, схьалецира 2 эзар сов йийсархо, 32 йоккха топ, 150 сов кема. Коьртехь инарла-майор Я. П. Кульнев волу оьрсийн эскарийн авангард 7 (19) мартехь Швецин бердашка йелира, йаьккхира Гриссельгам (хӀинца Норртелье коммунехь), кхерам бира Стокгольмна. Царна йукъахь, хьаькамаллехь граф Шувалов волу оьрсийн эскарийн къилбаседа тоба кхиира хаъал толамаш баха. Цунна дуьхьала лаьтта Гриппенберган тобано тӀом ца беш йитира Торнео гӀала, цул тӀаьхьа, 13 мартехь, Российн империн эскарша Каликс эвлан гергахь гуо бина, герз охьадиллира. Цул тӀаьхьа Аландашкахь бинчу бартах хаам кхаьчна граф Шувалов сецира.
1809 шеран 13 мартехь Швецехь пачхьалкхан харцам хилира, Густав IV Адольф вожийра, ткъа паччахьан Ӏедал кхечира девешин Зюдерманландан герцоган а, цунна гуонахьара элашна а кара.
Стокгольмехь гулйеллачу риксдаго Зюдерманландан герцог паччахь Карл XIII-гӀа кхайкхийна, керла правительство Эстерботнера оьрсий дӀататтарех болчу инарлин графан Вреден кховдам тӀетевжира; тӀом карла белира, амма шведийн масех кема лаца бен аьтту ца белира; уьш Россин дуьхьала халкъан тӀом боло гӀертарх гӀуллакх ца хилира. Гернефорсан гергахь оьрсашна аьтту болуш гӀуллакх нисдаларна йуха а машар бира, оьрсашна иза оьшура шайна дааран сурсаташ кхачо.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.