From Wikipedia, the free encyclopedia
Кузнецо́ва А́нна Ю́рьевна (йинчу хенахь Була́ева; йина 1982 шеран 3 январехь, Пензехь, РСФСР, ССРС) — россий пачхьалкхан а, йукъараллин а гӀуллакххо, бакъо ларйийриг. 2016 шеран 9 сентябрехь дуьйна Российн Федерацин Президент волчура берийн бакъонийн векал[2]. Российн Федерацин Бакъйолу пачхьалкхан 2 классан хьехамча[3].
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Кузнецова Анна Юрьевна | ||||
---|---|---|---|---|
оьрс. А́нна Ю́рьевна Кузнецо́ва | ||||
|
||||
Президент | Путин Владимир | |||
Хьалха хилларг | Астахов Павел | |||
Дин | керста | |||
Йина терахь | 1982 шеран 3 январь (42 шо) | |||
Йина меттиг | Пенза, РСФСР, ССРС | |||
Йича тиллина цӀе | оьрс. Анна Юрьевна Булаева | |||
Да | Булаев Юрий | |||
Нана | Булаева Татьяна | |||
Майра | Кузнецов Алексей | |||
Бераш | Мария, Дарья, Иван, Николай, Тимофей, Лев | |||
Парти | Йукъарароссийн халкъан фронт | |||
Дешар | ППХЬИ В. Г. Белинскийн цӀарах | |||
ГӀуллакхалла | йукъараллин гӀуллакххо, бакъоларйархо, политик | |||
Динлелор | православи[1] | |||
СовгӀаташ | ||||
Сайт | duma.gov.ru | |||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Йина 1982 шеран 3 январехь Пензехь. Да — гӀишлошйархо, нана — инженер[4]. Ваша а ву. 1997 шо кхаччалц дийшира йуккъерачу йукъарадешаран № 72 йолчу ишколехь Пензехь. 1998—1999 шерашкахь дийшира Хьехархойн № 3 йолчу лицейхь Пензехь. 2003 шарахь цӀиен дипломца чекйаьккхира Пензин пачхьалкхан университетан Хьехархойн В. Г. Белинскийн цӀарах институт «хьехархо-психолог» говзаллийца[5].
Йукъараллин гӀуллакх долийра волонтёран тӀийра — областан берийн дарбанцӀачохь дӀатесна берийн Ӏуналла дора.
2008—2010 шерашкахь кхоьллира йукъараллин вовшахтохар «Благовест» (председатель вара цуьнан майра[1]).
2011 шарахь кхоьллина, коьрте хӀоьттира «Покров» фондан, цуо гӀо дора дукха бераш долу а, таро йоцу а доьзалшна. Пензин областехь фондо таро йира демографин «Дахар — сийлахь совгӀат» цӀе йолу комплексан программа кхочушйан, цигахь коьрта агӀо йара доьзалхочух болу зударшка бераш дӀа ца дахийтаран профилактика, ткъа кхин а ламастан доьзалийн мехаллаш кхайкхор. Оццу шарахь Йерригроссийн кегийрхойн «Сан харжам — дахар а, могушалла а» цӀе йолу социалан проектийн фестиваль-къовсаман инициатор хилира, цуьнан Ӏалашо кхайкхийра доьзалийн мехаллаш кхоллар а, Ӏалашдар а, кегийрхошна йукъахь дахаран могашаллин хьал кхиоран дика ойланаш практике йахар, ноналлин гӀо лацаран гӀуллакхаш тодар, уггаре аьтту болу кхиоран хьесапаш даржор.
2014 шарахь Кузнецова Анна йукъайахара Йерригроссийн халкъан фронтан (цул тӀаьхьа «Покровн» сихха пачхьалкхо йелира грант 600 эзар сом, дахаран чолхечу хьолехь, берашца болу наной тӀеэцаран стационарца Ноналла ларйаран центр), ткъа кхин а шо даьлча Пензин кхочушдаран комитетан коьрте хӀоьттира[6]. Кузнецовас аьтту бира бер ден цӀеношна а, бер дан гӀо даран системашна а таллам бан. Шен коьрта Ӏалашонаш билгалйехира заьӀапхоойн бакъонаш ларйарехь (царна йукъахь бераш а), ткъа иштта уьш Ӏамо а, балха хӀитто а хьолаш кхоллар, лелаш долу законаш дохош заьӀпалла дӀадаккхаран дуьхьало чӀагӀйар. Оццу хенахь иза «Российн наной» вовшахтохаран регионан декъан коьрте хӀоьттира. Кузнецован кхин дӀа карьера кхио аьтту бира президентан администрацин куьйгалхочун хьалхарчу гӀовсо Володин Вячеслава[1].
2015 шарахь дуьйна — Доьзал ларбаран кхолламан ассоциацин председатель[7], Пензин областан губернатор волчура Зударийн кхеташонан декъашхо. Пензин областан Йукъараллин палатин конфессешна йукъара йукъаметтигийн а, эхь-бехкан маршо ларйеш гӀолацаран а комиссин председателан гӀоьнча.
2015 шеран бӀаьста коьрте хӀоьттира кхоьллинчу РФ Йукъараллин палатин Доьзал ларбаран кхолламан ассоциацин[8], сентябрехь йукъайахара социалан ориентаци йолу коммерцин боцу кхолламийн болх тобаран белхан тобанна. Оццу шарахь РФ президента Путин Владимира куьг йаздира омарна тӀехь, цуьнца, «Покров» фонд хилира президентан грантийн оператор 420 миллион соьман[1].
2016 шарахь дакъалецира «Йукъара Российн» праймеризехь, цуьнан жамӀашца декъахошна йукъахь хьалхара меттиг йаьккхира — 65,1 %, ткъа кхин а 66,1 % Лермонтовн цхьаьнамандатан харжаман гуонехь[8][9]. ПхоьалгӀа меттиг йаьккхира Йукъара Росси партин № 15 тобанехь, цунна хьалха вара Володин Вячеслав[1]. Оццу хенахь йац цхьанне а политикин партийн декъахо[10].
Российн президентан Путин Владимиран 2016 шеран 9 сентябран Омарца хӀоттийна Российн Федерацин Президент волчура берийн бакъонан векал[11].
РФ президент волчура социалан ориентаци йолу коммерцин боцу кхолламийн болх тобаран белхан тобанна йукъайахара[7].
2016 шеран октябрехь Российн Федерацин Федералан Гуламан Федерацин Советан председатела Матвиенко Валентинас кховдорца 2012—2017 шерашкахь берийн доьхьа Къоман стратегин гӀуллакхаш кхочушдаран Координацин советан йукъайахара[12].
Российн президентан Путин Владимиран 2019 шеран 15 январан Омарца 5 шеран йухахӀоттийна Российн Федерацин Президент волчура берийн бакъонийн Векалан дарже[13].
Кузнецовас гойту ша чӀогӀа а, йиллина а педофилин довхо. 2016 шеран сентябрехь Российн Федерацин прокуратуре йелира дехарца, берийн порнографи меттигна таллахьара Москохахь хӀоттийна Вежарийй ЛюмьергӀеран цӀарах суьртийн центран Стерджес Джокан «Эхь ца хеташ» цӀе йолу гайтам, цигахь гайтина дара дерзина кхиина берийн суьрташ[14]. 2016 шеран декабрехь кховдийра инициатива педофилийн реестр йан йеза аьлла, уьш дешаран меттигашка балха бита а ца беза аьлла[15].
2017 шеран январехь жигара дакъалецира гӀовгӀа а йолуш москохара доьзалера ДельгӀаьргара тӀеэцна бераш схьадохуш. Бахьана хилира берийн бешара кхиорхочо дина дӀахьедар, шена цхьаьна кӀентан дегӀа тӀехь Ӏаржйина меттигаш гина аьлла, ткъа иштта тӀаьхьа берашна АИВ карийра. ГӀуллакх теллинчул тӀаьхьа Зеленоград гӀалин социалан гӀолацаран центран психологийн комиссис сацам бира, кхин и бераш оцу доьзалехь биса йиш ца хилар, иза къобал дира Москохан Къинхьегаман а, социалан Ӏалашдаран а департаментан куьйгалхочо Петросян Владимира, цуо тӀаьххьара ДельгӀаьрца болу берийн Ӏуналлин барт бохоран сацам бира[16]. Кузнецован майра волчу, мозгӀара Алексейс хаийтира социалан машанашкахь, шена гина цхьацца материалаш ДельгӀеран зуламийн гӀуллакхера[17]. Оцу публикацина реза ца хилира цхьа бакъонаш ларйийриг, иза эргӀадйелира Векалан майрачун стенна гина зуламан гӀуллакхан къевлина материалаш аьлла[17].
Йукъараллин «Схьало педофил!» боламан координатор[18] а, «Кхерамаза бералла» боламан куьйгалхо а, Российн антипедофилийн кампанин жигархо а йолчу Левченко Аннас, 2017 шеран февралехь емал бира Берийн бакъонийн векалан Кузнецован болх:[19]
Дайн-нанойн йерригроссийн дуьхьалонан председатела Мамиконян Марияс 2017 шеран майхь йаздина диллинчу кехатехь гайтира Кузнецован белхаца доьзна цхьа могӀа реза доцу хӀуманаш[20].
Цхьа дакъа йукъархоша Кузнецовехьа гӀолецира, цунна дуьхьала берш емал беш. Йукъараллин «Уралан дайн-нанойн комитет» фондан президента Жабреев Евгенийс а, Екатеринбурган гӀалин дайн-нанойн комитетан председатела Неталиев Валерийс гӀолецира Кузнецован, Мамиконянан кехатан реза боцуш, цара лорура, шен Кузнецовага йаздина кехатехь иза «бух боцуш бехке ярехь арайаьлла массо а дозанал, кхин а нуьцкъаллин структурийн адресе берийн бакъонийн векал кхеташ йац хӀун ду малхбузен кепара „ювеналан юстици“ йаздеш»[21]. Кхин а Мамиконян емал йеш а, Кузнецовегахьа гӀодоккхуш йистхилира РХА «Регионаш Online» леррина корреспондентийн а, журналистийн а декъан координатор йолу Ширяева Ксения[22].
2003 шарахь дуьйна марехь ю[1]. Майра — Кузнецов Алексей, мозгӀар, чекхйаьккхина синмехаллин семинари, шиъ лакхара дешар ду (техникин а, хьехархойн а), иштта техникин Ӏилманийн кандидат Ӏилманан тӀегӀа йу. Йалх бер: йоьӀрий — Мария а, Дарья а, кӀентий — Иван, Николай, Тимофей, Лев[29].
Российн Федерацин пачхьалкхан даржаш дӀалаьцначеран декларацехь болчу хаамашца, 2018 шарахь Кузнецова Аннас даьккхина 6 507 198 сом. Цуьнан майрачун оццу муьран са хилла 1 436 158 сом. Кузнецова Аннин долахь ду лаьттан дакъа 800 кв.метр майданца, йеха цӀа 140,8 кв.метр майда йолуш[30].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.