Remove ads
From Wikipedia, the free encyclopedia
Дуьнен дукхаха болу бахархой динехь бу, иза йа важа кепара дин леладо.
Дуьненан уггаре доккха (тӀаьхьахӀиттинчеран барамца) дин ду керсталла; XX бӀешеран дохаллехь Дуьненан берриг бахархошна йукъара керстачеран дакъа ца хийцаделча санна ду, лаьтта 33 %. ШолгӀа дуьненан дин лору ислам (23 % дуьненан бахархой). Тешаш боцучеран барам, (царна йукъахь агностикаш, атеисташ, кхин берш а) дикка къовсаме бу, тайп-тайпана талламчаша мах хадабо планетин бахархойх 11—16 %. Дуьненан бахархойх кӀезиг дакъа дац хӀиндуистийн (14—15 %), буддистийн (7 %), ламаста динийн агӀончийн.
Лахахь хӀоттийна таблицехь, коьрта динийн векалийн барамех лаьцна хаамаш. Балийна 2010 шеран хаамаш, схьаэцна кхаа хьостера — Дж. Мелтонан «Дуьненан динаш» энциклопедера, «Британника» энциклопедера, америкин талламан Pew Research Center (PRC) центран чоьтера.
№ | Дин | «Дуьненан динаш»[1] | «Британника»[2] | PRC[3] | |||
---|---|---|---|---|---|---|---|
1 | Керстанаш | 2 292 454 000 | 33,2 % | 2 280 616 000 | 33,0 % | 2 173 180 000 | 31,5 % |
2 | Бусалбанаш | 1 549 444 000 | 22,4 % | 1 553 189 000 | 22,5 % | 1 598 510 000 | 23,2 % |
3 | ХӀиндуисташ | 948 507 000 | 13,7 % | 942 871 000 | 13,6 % | 1 033 080 000 | 15,0 % |
4 | Агностикаш | 639 852 000 | 9,3 % | 659 781 000 | 9,6 % | 1 126 500 000 | 16,3 % |
5 | Буддисташ | 468 736 000 | 6,8 % | 462 625 000 | 6,7 % | 487 540 000 | 7,1 % |
6 | Цийн дин | 458 316 000 | 6,6 % | 454 404 000 | 6,6 % | 405 120 000 | 5,9 % |
7 | Халкъан дин | 261 429 000 | 3,8 % | 269 723 000 | 3,9 % | ||
8 | Атеисташ | 138 532 000 | 2,0 % | 137 564 000 | 2,0 % | хьажа «ца тешарш» | |
9 | Керла динаш | 64 443 000 | 0,9 % | 63 684 000 | 0,9 % | хьажа «кхин» | |
10 | Сикхаш | 24 591 000 | 0,4 % | 23 738 000 | 0,3 % | ‘‘хьажа «кхин» | |
11 | ЙахӀудеш | 14 641 000 | 0,2 % | 14 824 000 | 0,2 % | 13 850 000 | 0,2 % |
12 | Спиритисташ | 13 978 000 | 0,2 % | 13 732 000 | 0,2 % | ‘‘хьажа «кхин» | |
13 | Даосаш | 9 017 000 | 0,1 % | 8 429 000 | 0,1 % | ‘‘хьажа «кхин» | |
14 | Бахаиш | 7 447 000 | 0,1 % | 7 337 000 | 0,1 % | ‘‘хьажа «кхин» | |
15 | Конфуцианхой | 6 461 000 | 0,1 % | 6 516 000 | 0,1 % | ‘‘хьажа «кхин» | |
16 | Джайнаш | 5 749 000 | 0,1 % | 5 276 000 | 0,1 % | ‘‘хьажа «кхин» | |
17 | Синтоисташ | 2 782 000 | 0,0 % | 2 772 000 | 0,0 % | ‘‘хьажа «кхин» | |
18 | ЦӀеран дин лелориш | 181 000 | 0,0 % | 178 580 | 0,0 % | ‘‘хьажа «кхин» | |
19 | кхин | — | — | 1 427 000 | 0,0 % | 58 110 000 | 0,8 % |
— | Дуьне, дерриг | 6 906 560 000 | 100 % | 6 908 689 000 | 100 % | 6 895 890 000 | 100 % |
Дуьненан уггаре доккха динан векалша цхьаалла а ца йитина, декъалуш ду иттаннаш эзарш деноминацешка. Билламе, керстанаш бекъа мегар ду 4 коьрта агӀоне:
Керстанаш алсама бу Европин, Къилбаседа а, Латинийн а Америкин, Океанин бахархошна йукъахь. Африкехь керстачеран дакъа 47,9 % кхаьчна; Азехь жӀарна тӀехьабозурш бахархой 8,5 % бен бац (278 млн тешаш берш)[7].
Исламехь йукъара тӀеэцна классификацеш йац. Pew Research Center арахоьцу чоьташа, бусалбанаш боькъу суннийшка (2009 шарахь 87—90 % берриг бусулбачех) а, шиӀийш (10—13 %) а[8]. Цу тӀе, талламийн авторша дери до, исламехь кхин а тобанаш хиларх, ткъа кхин а йукъара-исламан некъ суьпалла. «Дерригдуьненан керсталлин энциклопедис» (World Christian Encyclopedia, WCE) ислам доькъу кхаа некъе[9]:
Адамашна чӀогӀа хаа лаьа бусалбанийн а, керсталлин а тӀейогӀучу хенашкара динамика. XX а, XXI а бӀешераш хийцалучу хенахь процента нагӀора бусалбанаш тӀекхетар керстачарел алсама хилар лаьрра, различные футурологаша дӀахьедора тӀаьхьа бусалбанаш керстачарел сов а бевлла, уггаре доккха дуьненан дин хир ду бохуш.
Иштта, дуьненна а вевза социолого Хантингтон Самюэла шен Цивилизацеш Ӏиттайалар (1993 ш.) къинхьегамехь прогноз йира, ислам дуьненан уггаре доккха дин хир ду XXI бӀешеран хьалхарчу итт шарахь; оцу хьостаца 2025 шарахь бусалбанийн дакъа планетин бахархошна йукъахь кхача деза 30 %, ткъа керстачеран дакъа дожа деза 25 %[10]. Оцу прогнозан хьалхара дакъа кхочуш ца хилла, Хантингтонан 2025 шаран йина прогноз а дукхаха болчу бевза талламчаша дӀатоьтту. Цара лору, керсталла 2050 шарахь а хӀуонда дин хилар .
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.