ГӀургӀаз (йу), ГӀургӀезаш (йу) (лат. Cygnus) — оьрсаша "Лебедь" олу. Иза шина-кхаа тайпана ю. Уггаре йоккхачу гIургIезан юххехьара зIок можа ю. Къоначийн гIургIезан зIакарш цIечу басахь хуьлу[1].
Доца факташ ГӀургӀаз, Ӏилманан классификаци ...
ГӀургӀаз |
---|
ГӀургӀаз |
|
Cygnus Bechstein, 1803 |
- Чёрный лебедь (Cygnus atratus)
- Черношейный лебедь (Cygnus melanocoryphus)
- Лебедь-шипун (Cygnus olor)
- Лебедь-трубач (Cygnus buccinator)
- Американский лебедь (Cygnus columbianus)
- Малый лебедь (Cygnus bewickii)
- Лебедь-кликун (Cygnus cygnus)
|
|
ДӀачӀагӀа
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа ГӀургӀезаш (маьӀнаш).
Дехар «ГӀургӀез» хьажийна йу кхузе; хьажа. иштта кхин маьӀнаш.
Дехар «Cygnus» хьажийна йу кхузе; хьажа. иштта кхин маьӀнаш.
ГӀургӀезах оьрсаша «Лебедь» олу.
ГӀургӀаз шина-кхаа тайпана ю. Юххехьара зӀок можа ю уггаре а йоккхачу гӀургӀезан. Къоначийн зӀакарш цӀечу басахь хуьлу. Тундран Ӏаьмнашкахь хуьлу уьш. ДӀай-схьай йоьлхучу хенахь хӀорднашкахь а хуьлу. Баннаш шишша цхьана къастина до. ХӀоьаш ма баттахь до 4-6. Жимма можа бос бетталуш къайн хуьлу хӀоьаш. Хина бухахула ца лела иза. Кортий, гӀортий хи буха оьхуьйту цо. ТӀемашца гӀаьттина йоьдуш гӀорта хьалха дӀаяхйо. Екар хаза ду цуьнан «гангго… ганг-го» бохуш. Ӏаламехь кӀезиг ю уьш. Цундела царна таллар дихкина.
ЦӀиэн зӀок йолу гӀургӀаз. Цуьнан зӀакаран бухехьа Ӏаьржа маӀа ю. Можа зӀаг ерш санна кӀезиг ю уьш а. Хин берда йистошца эрзалахь до цара хӀоьаш. Тойна май бутт чекхболлуш доккха 6-8 хӀоа до цхьаммо. ТӀемаш жимма хьала а айдой, хаза саттийна латтайо цо гӀорта. ЗӀок нисса охьаерзийна латтайо. Аз гӀоргӀа ду, йиш — хаьлчи санна. Хи буха кхийдаш ежа иза. Хин соьналлаш а цхьацца садолу хӀуманаш а йоу цара.