From Wikipedia, the free encyclopedia
Хо́рхе Эрна́н Берму́дес Мора́лес (испан. Jorge Hernán Bermúdez Morales; вина 1971 шеран 18 июнехь, Колумбера Киндио департаментан, Арменехь) — колумбин футболист, турсло.
Йуьззина цӀе | Хорхе Эрнан Бермудес Моралес | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Харц цӀе | El Patrón | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1971 шеран 18 июнь (53 шо) | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Армени, Киндио департамент, Колумби | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла | Колумби | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | турсло | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
Карьера йолийна ша винчу гӀалара «Депортес Киндио» клубехь, цигара дехьавелира махкахь уггаре сийлахь йолу «Америка Кали» клубе, цигахь левзира 134 матчехь, йалх шарахь. 1996/97 шарахь левзира «Бенфикехь», ткъа цул тӀаьхьа дехьавелира «Бока Хуниорсе», цигахь бакхий кхиамаш бира шен карьерехь, йалх титул йаьккхира (кхузза мехкан чемпион, шозза Либертадоресан Кад, кхин а Континенташна йукъара кад). Командин лидер а, капитан а вара.[1] 2001 шарахь дехьавелира «Олимпиакосе», оцу клубехь Бермудес волчу хенахь клубо шиъ чемпионийн титул йаьккхира, амма ша Бермудес шина шарахь мехкан чемпионатехь арене ца велира исс матчехь бен. ТӀаьхьа йухавирзира Латинан Америке, цигахь деа шарахь гергга ворхӀ команда хийцира. 2007 шарахь левзира исс матч шен дуьххьара хиллачу клубехь «Депортес Киндио» йукъахь, цул тӀаьхьа чекхйаьккхира ловзархочун карьера. Дукха хан йаллале тренеран гӀуллакх долийра, коьртехь хилира «Депор» (ловзуш йара шолгӀачу дивизионехь) а, «Депортиво Пасто» (лакхара дивизионан аутсайдер) а клубийн.
Колумбин гулйина командин йукъахь левзина 56 матчехь, чутоьхна 3 буьрка. ДЧ-1998, кхаа Америкин кедан (1995, 1997, 1999), кхин а 1992 шеран Олимпиадин декъахо.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.