Android
From Wikipedia, the free encyclopedia
Android («Андро́ид») — телефонашна а, планшетин компьютершна а, электронан жайнашна а, терахьийн проигрывательшна а, телевизоршна а, нетбукашна а, смартбукашна а лерина операционан система. ТIаьхьалонна и система машенашна а ян лаам бу. И операционан система Linux олучу ядро тIехь а, Google компанин шен долара Java Virtual Machine виртуальни машенан тIехь а кхоьллина ю. Кхолла йолийна хилла Android Inc. компанис, амма тIаьхьо цаьргара и кхоллам схьаэцна Google компанис. Цул тIаьхьа цо кхоьллина Open Handset Alliance (OHA) альянс, хIинца Android-н накъосталла а, иза кхин дIа кхиаяран а белхаш беш йолу.
- Android ОС аьтто ло Java-приложенеш кхолла, Google библиотекашна чухула урхалла деш йолу. Ткъа Android Native Development Kit-н гIоьнца библиотекаш а, приложенин компоненташ а партировать яло, нагахь санна уьш я Си а, я кхечу программа хӀотторан меттанашкахь кхоьллина елахь.
Android | |
---|---|
![]() | |
![]() Белхан стол ОС Android 10 | |
Кечдархо |
Google, Open Handset Alliance |
Осан доьзал | Linux |
ДӀайолалун код | свободное и открытое программное обеспечение, проприетарные драйверы |
Дуьххьара арахецар | 2008 шаран 23 сентябрехь |
ТӀаьххьара верси | 5.0 Lollipop (2014 шаран 14 декабрехь) |
Пакетийн менеджераш | Google Play, Яндекс.Store, Amazon Market |
Долу меттанаш | оьрсийн а, кхин а |
Йолу платформаш | 32-бит а 64-бит а: ARM, MIPS, x86 |
Ядрон тайпа | монолитан модификаци йина ядро Linux |
Лицензи |
Apache v2 — пространство пользователя, GPL v2 — ядрон патчаш Linux[1] |
ДӀайолалун кодан репозитори |
android.googlesource.com android-review.googlesource.com/… |
Веб-сайт | android.com(ингалс.) |
Викиларми чохь медиафайлаш |
2014-чу шеран шолгIачу кварталехь йоьхкинчу смартфонийн 86% чу хIоттийна хилла Android операционан система[2].
Билгалдахарш
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.