From Wikipedia, the free encyclopedia
ХӀара йаззам лерина бу 1945 шо кхачале хилла Европа цхьаьнатохаран ойланашна.
«Европа» оьздангаллин сфера санна дуьххьара лелайо КаролинггӀеран некъийн заманахь, Католикин килс йаржорхьама. «Европин пачхьалкхийн» Йуккъерачу бӀешерийн а, Керлачу заманан а муьрера тӀеман берташ хьажийна бара ислам даржарна дуьхьала. Иштта, 1453 шарахь Константинополь туркошна йоьжначул тӀаьхьа, Подебрадера Йиржис, Богемин ГуситгӀеран паччахьо, 1464 шарахь туркошна дуьхьала Европин керстачу къаьмнийн барт кховдийра.[1]
1693 шарахь Пенн Уильям Европера тӀом сацоре, йаздора «Европин берах, йа парламентах», кхин дӀа тӀом сацорхьама, кхин дӀа билгал а ца доккхуш, муьлхачу институт йукъа йазлур йу Европин политикин хьал оцу хенахь.
1728 шарахь мозгӀаро де Сен-Пьер Шарла кховдийра 18 маьрша пачхьалкхех Европин лига кхоллар, йукъара хазна а йолуш, дозанаш доцуш, экономикин бертаца. Америкин революцил тӀаьхьа Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ тера Европин Цхьаьнатоьхна Штаташ гар, дара цхьаболу гӀарабевлла европахойн, масала Маркиз де Лафайетан а, Тадеуш Костюшкон а.
Европин бертах долу хетарш даха мегар ду Кант Иммануила 1795 шарахь кховдийначу «гуттаренна машаран конгрессех».
Малхбузен Европа йа германин Европе санна маьӀнера «Европа» кхетам, кхоллало XIX бӀешарахь, Российн империн дуьхьала хӀотталуш, цунна тешалла до оьрсийн философан Данилевскийн жайно «Росси а, Европа а».
1806 шеран ноябрехь Бонапарт Наполеон волучу хенахь французийн гегемонина гӀуллакхна кхайкхийра континентан системера Таможнин барт британин сурсаташна эмбарго йеш. Наполеон тидам бира: «Ишттачу кепара къаьмнашка екъна Европа, паргӀата кхоьллина а, чухула паргӀата а йолуш, пачхьалкхашна йукъара машар дика хир бара: Европин Цхьаьнатоьхна Штаташ хила тарлора.»[2].
Французийн социалисташа Сен-Симона а, Тьерри Огюстена а 1814 шарахь эссе «Европин йукъараллин кхоллам» йазйо, цунна чохь мелла а билгалйолу парламентан Европин федерацин цхьа кеп.
1815 шарахь Наполеон эшначул тӀаьхьа, консервативан реакцехь Германин Конфедераци кхоьллинера ткъе бархӀ маьрша немцойн пачхьалкхех Венин конгрессо. Наполеона хӀаллакйира Сийлахь Руман импери, аттачу хьоле даьккхира Германин карта. 1834 шарахь Конфедерацин пачхьалкхашна йукъахь кхоьллира «Таможнин барт», цуьнан Ӏалашо йара махлелор шордар а, чоьхьара конкуренци лагӀйар а. И Таможнин барт шорбарах кеп хила тарлора Европин йукъара кеп, Фишер Фрица шен «Дуьненан хьалхарчу тӀамера Германин Ӏалашонаш» жайнахь хьахамадарра. Оцу хенара геополитикин а, Миттелеуропин[en] ойланаша иштта Ӏаткъам бира Германехь Европин Бертан интеллектан бух кхолларна.
Европин Цхьаьнатоьхна Штатех элира Ястшембовский Войцеха «халкъашна йукъара болу гуттаренна машарех» цӀе йолчу жайнахь гайтина концепцеш. И жайна зорба туьйхира 1831 шеран 31 майхь. Проект лаьттара 77 йаззамах. Кхоллаеза Европин цхьаьнатоьхна штаташ, йоккха пачхьалкх хила ца йезара, ткъа хила йезара дуьненайукъара кхоллам.[3]
Италин йаздархочо а, политико а Мадзини Джузеппес 1843 шарахь кхайкхам бира Европин республикийн федераци йие аьлла. Оцуо бух кечбира машаре цхьаьнатохарна, цхьаьнагӀуллакхаш деш а, декъахошца нийсо лелош а. 1849 шарахь Парижехь Мадзинис кечйина Дуьненайукъара машаран конгрессехь ша вистхуьлуш Гюгос лелийра Европин Цхьаьнатоьхна Штаташ термин. Гюго Лакхара, маьрша Сенат кхолларехьа вистхилла, цуо иза Европин, Ингалсан парламент йерриг хир йу аьлла, тӀаккха аьлла: «де догӀура ду, вайн континент тӀера дерриг къаьмнаш цхьаьнакхеташ европин вежаралле … Де догӀура ду, вайна гуш … Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Европин Цхьаьнатоьхна Штаташ а дуьхь-дуьхьала лаьтташ, хӀордашна йуккъехула вовшашка куьйгаш кхийдош». Амма зал чурчара иза беламе даьккхира, иза тӀаьхьа, 1851 шарахь, шен ойлане йухавирзира. Виктор Гюгос дитт дуьйгӀира шен Гернси гӀайренан резиденцин лаьттан тӀехь, иза шек вацара и дитт кхиале Европин Цхьаьнатоьхна Штаташ хир хиларх. И дитт тахана а кхуьуш ду Гернсин тӀера Мезон-де-Отвилехь, Сент-Питер-Портехь, Виктора Гюгон резиденци хиллачохь.
Йоккха Британехь, Federal Union[en] санна йевза тоба, кхоьллира 1938 шеран ноябрехь, иза йолайелира, тӀемал тӀаьхьарчу Ӏалашонна, Европин федеративан барт кхайкхо. Цуьнан йаззамаш а, аргументаш а дика девзира фашизман дуьхьала болчарна йерриг Европехь а, ойла йайтира цаьрга, тӀом чекхбаьлча Европа муха тоян езарх.
Европин къаьмнийн бертан хьалхарчу агӀончех вара, Мажарчоьнан премьер-министр Телеки Пал. Мажарчоьно шен мехкан кханнах шинал сов дакъа дайира Дуьненан хьалхара тӀом чекъболуш, 1920 шеран Трианонан бертаца. 1941 шо долалуш, Дуьненан шолгӀа тӀом болуш, иза гӀертара Мажарчоьнан автономи Ӏалашйан. Шен дагахь иза гӀертара къоман йаьхьан кхачам бан, ткъа цара тӀедуьллура дайина мехкаш меттахӀиттор. ТӀехула иза гӀертара шен мехкан тӀеман а, экономикин а маршо Ӏалашйан, Германис Югославин чубоьдуш шайх кхета бохуш бечу Ӏаткъаман дуьххьала. «Трансильвани» жайнахь, Корниша[4][5] йаздина, Телекис, ша гуттара а 1941 шарахь Германин гестапон тергонехь воллушехь, дӀакхехьийтина къайлаха хаамаш Америкера контакташка.[6]
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.