Ма-дарра 1890‑гӀа, 1900‑гӀа ...
ДӀачӀагӀа
- Ӏаьнан, Аьхкен Олимпийн ловзарш 1936 Германехь.
- Чёрч Алонзо кхоьллина лямбда-ларар.
- 6 январехь — АЦШ дӀадаьккхина Йуьртабахам лелоран закон.
- 12 январехь — кхоьллина спортан йукъаралла «Локомотив».
- 15 январехь — Испанин аьру партеш а, профсоюзаш а кхоьллира харжамашна коалици Халкъан фронт[1].
- 20 январехь — Сандрингемехь велла Йоккхачу Британийн паччахь V Георг. Ӏарш кхаьчна цуьнан кӀантана VIII Эдуардан[2].
- 30 январехь — 1936 шарахь бӀаьста парламентан харжамаш дӀабахьа коьллина йолу Мисран ханна йолчу правительствон куьйгалхо хӀоттийна Ӏали Махир-паша[3].
- 3 февралехь — болх болийна Каман целлюлозан-кехатан комбинато.
- 16 февралехь — Испанехь парламентан харжамашкахь Халкъан фронтан (аьрру партийн коалици) кхаьчна 256 меттиг аьтту партийн 165 меттиган дуьхьал, 52 меттиг бу центристийн партийн[1].
- 17 февралехь — йолайелла буьрканца ловзу хоккейн ССРСн I чемпионат.
- 2 мартехь — Вашингтонехь куьйгаш йаздина барт кӀела, цуьнца Панамо йухадаьккхира АЦШ иза паргӀатйаларехь гаранти йаларан дош, ткъа АЦШ йухаоьцу шайн декхар низам латторехь коьртачу гӀалахь Панамехь а, Колон гӀалахь а[4].
- 4 мартехь — дуьххьара тӀемадаьлла дирижабль «Гинденбург».
- 7 мартехь — Германис цхьана агӀора бохийра 1925 шеран Локарнан барт. Германин эскарш Версалан барт а бохош лецира демилитаризаци йина Рейнан область[5].
- 19 мартехь — йохк-эцаран а, экономикин а барт бина Италис а, Албанис а[6].
- 23 мартехь — Австрин федералан канцлер волчу Шушниг Курта Римехь куьг йаздина кхин тӀе долчу протокол кӀела, оцу протоколца Австрис цхьанне а Дунайн пачхьалкхашца дагабевр бац Италин ца хууш[7].
- 29 мартехь — Германин парламентан харжамашкахь 99 процент кхаж белла нацистийн партин официалан кандидатан.
- 14 апрелехь
- кхераме зулам хилира Палестинехь. Ӏарбоша жуьгтий а бойуш, церан бахамна талораш дира.
- Мадридехь республика кхайкхийна шо кхочарна лерина парад йолуш пачхьалкхан куьйгалхой байа гӀиртира аьтту эпсарш, амма церан аьтту ца белира[8].
- 26 апрелехь а, 3 майхь а — Францехь харжамашкахь толам баьккхина Халкъан фронт партино.
- 28 апрелехь — велла Мисаран паччахь Ахьмад Фуад I. Ӏарш дӀалаьцна цуьнан кӀанта I Фарука[9].
- 5 майхь — италин эскарша дӀалаьцна Эфиопин коьрта шахьар Аддис-Абеба, цул тӀехьа ШолгIа италин-эфиопин тIом чекхбаьлла[10].
- 9 майхь — Мисаран премьер-министр хоьттина харжамашкахь тоьлла йолу Вафд партин хьалхаваьлла волу Мустафа ан-Наххас, цуо хийцина Iали Махир[9][11].
- 12 майхь — Испанехь кхоьллина Халкъан фронтан шолгӀа правительство, цуьнан куьйгалле хоьттина Аьруреспубикан партин декъашхо Касарес Кирога Сантьяго[12].
- 16 майхь — Боливехь тӀеман тӀекӀалтохар хилла. Президент волу Техада Хосе Луис дӀаваьккхина. Ӏедале еана подполковникан Буш Херманан хунта[13].
- 22 майхь
- Боливин президент хоьттина эскаран Инарлан штабан куьйгалхо полковник Торо Хосе Давид. «Социалистийн милитаризман» муьран йуьхьиг[13].
- Йолайелла клубийн командашна йукъара хьалхара ССРСн футболан чемпионат, чекхйаьлла 17 июнехь.
- 27 майхь — арайаьлла ССРСн ЦКХКн Президиуман Постановлени «ГӀалийн, кӀоштан центрийн, йартийн, цӀерапоштнекъан станцийн цӀераш хийцар сацор» аьлла йолу[14].
- 1 июнехь — италера Муссолини Бенитон правительство Эфиопи, Эритрей, Италин Сомали цхьанатоьхна Италин Малхбален Африка колони йира[10].
- 11 июнехь а, 12 июнехь а — керла французийн правительство законаш тӀеийцира коллективан бартах а, шина кӀиранан хӀора шеран алап луш йолу отпусках (Кеп:Lang+link) а, 40-сахьтан белхан кӀирнах а лаьцна.
- 17 июнехь — Соьлжа-гӀалахь йиллина Оьрсийн драматически театр.
- 22 июнехь — Монтрёхь конференци йолаелира, цигахь тӀеийцира хидоькъен статусах лаьцна йолу Монтрён Конвенци, Босфор а, Дарданелла а чухула чекхбовларан низам хоттош.
- 27 июнехь — арайаьлла ССРС Центран кхочушдаран комитетан а, ССРСн Халкъан Комиссарийн Советан а «Аборташ ца магор, бер динчу нанна гӀо алсамдаккхар, бакхий доьзалашна пачхьалкхан гӀо дар, доьзалхобаран цӀенойн а, берийн цӀенойн а маша шорбар, алименташ ца токхучарна Ӏедалан та1зар дар, законашкара цхьаболу хийцамаш зуда йитарх» цӀе йолу Постановлени[15].
- 28 июнехь — Испанехь референдумехь магийна Галисин автономин проект[16].
- 3 июлехь —ССРСехь кхоьллина ССРСн ЧГIХК белхалой-ахархойн милицин йукъахь Пачхьалкхан автомобилийн инспекци (ПАИ, хӀинца Российн ЧГIМн некъалеларан кхерамазалла латтон Департамент).
- 4 июлехь — арайаьлла ШКП(б) ЦК постановлени Халкъан дешаран комиссариатан системехь педологин талхадаршах аьлла йолу. Педологи кхайкхийна «реакционни харц Ӏилма», иза дӀайаьккхина советийн ишколин системера[17].
- 9 июлехь — коьллина Латвин къинхьегаман кегийрхойн Союз[18].
- 11 июлехь — Австрис а, Германис а барт бира, Германис Австрин Ӏаткъам барах лаьцна[7].
- 12 июлехь — Мадридехь аьттучара вийна лейтенант-республикахо Хосе дель Кастильо. Масех сахьт даьлчи республикинхоша вуьй монархистийн тхьамда Кальво Сотело Хосе. Инциденто аьтту инарлаш Испанийн республикин тӀеман дуьхьало йаре тотту[19].
- 17 июлехь — Испанера гражданийн тIом: Испанийн Мароккохь Франко Франсиско куьйгаллехь волуш тӀеман бунт ойу, лозунг дин а, гӀиллакхаш а лардар йолуш[20].
- 18 июлехь — Испанера гражданийн тӀом: гӀаьттинчу эскаро дӀалоцу Кадис а, Севилья а. Халкъан фронтан партеш халкъе герз дӀало олу. Сантьяго Касареса Кирогин Правительство дарж охьадуьллу[20].
- 19 июлехь — Испанера гражданийн тӀом: кӀезиг ханна премьер-министран даржехь хиллачу Мартинес Баррио Диегос дарж охьадиллича, Испанин республикахойн куьйгалле вогӀу аьру республикинхо Хираль Хосе. ГӀаьттинчу эскаран карахь хӀинцале пачхьалкхан 23 гӀала хуьлу[21].
- 20 июлехь — Испанера гражданийн тӀом:испанин бунтахойн тхьамда инарла Санхурхо Хосе Португалера Бургосе вогӀуш авиацин катастрофехь велла[22].
- 23 июлехь
- Испанехь Каталонин Коммунистийн парти а, Испанийн социалистин белхалойн парти Каталонин федерацин а, Каталонин пролетарийн парти а цхьанатоьхна кхоьллина создана Каталонин цхьанатоьхна социалистийн парти[23].
- Соьлжа-гӀалахь музыкин техникум схьайиллина.
- 29 июлехь — кхоьллина Кхазакхийн АССРн Кустанайн область[24].
- 2 августехь — Испанера гражданийн тӀом:Францин правительство Испанин гражданийн тӀеман арахьара йукъа ца гӀертар кховдадо[25].
- 4 августехь — Желтойчохь инарла Метаксас Иоаннисан диктатура хоттийна[2].
- 6 августехь — Испанера гражданийн тӀом:Испанин Примаса кардинала Гома-и-Томас Исидрос тӀемлойн агӀо лоцу «цӀечарна дуьхьал жӀарийн тӀелатар» кхайкхадо[26].
- 8 августехь — Испанера гражданийн тӀом:гӀаьттинчу эскаро дӀалаьцна Бадахос[27].
- 11 августехь — Цийхь Чан Кайши коьртехь волу гоминьданийн эскарша дуьххьара 1926 шарахь дуьйна чудогӀу Гуанчжоу.
- 24 августехь — Германехь йукъадаьккхина 2 шеран тӀеман гӀуллакхан декхар.
- 25 августехь —Москвохахь «Антисоветийн цхьанатоьхна троцкистийн-зиновьевн центран» гӀуллакхца кхелйина байина Зиновьев, Каменев кхин а баккхийра большевикаш а.
- 26 августехь — Лондонехь ингалс-мисаран барт бина, цуо мисаран агӀонан бакъонаш шорйина[28][29].
- 3 сентябрехь — Испанера гражданийн тӀом:гӀаьттинчу эскаро Талавера де ла Рейна дӀа а лаьцна, тӀекхаьчна Мадрид йистте Хосе Хиралан Правительство дӀасахецайелла[27].
- 4 сентябрехь — Испанера гражданийн тӀом:республикинхойн Испанин керла правительство кхоьллина социалистийн тхьамдано Ларго Кабальеро Франсискос[27].
- 8 сентябрехь — Португалехь Португалийн коммунистийн партис кхоьллинайолу флотан Революцин кхолламо, гӀаттам бина тӀеман-хӀордан флотан «Афонсу ди Абукерке» а, «Дау» а, «Бартоломеу Диаш» а кеманаш тӀехь. Совцийна[30].
- 9 сентябрехь — Испанера гражданийн тӀом:Лондонехь болх болийна Испанин гIуллакхашна йукъа ца гIертаран комитето, оцу йукъа йагӀара 27 пачхьалкх, ССРСца цхьаьна[25].
- 1 октябрехь — Испанера гражданийн тӀом:националистийн боларан тхьамда хаьржина волу инарла Франсиско Франко Бургосехь пачхьалкхан коьртан дарже хоьттира[22]. Мадридехь кортесаш тӀеийцира Баскийн пачхьалкхан Статут, цунна автономи елира[27].
- 7 октябрехь — Испанера гражданийн тӀом: ССРС кхайкхадо, шаьш мукъа ду Испанин гӀуллакхашна йукъа ца гӀертаран бартах, нагахь иза кхечу пачхьалкхаш бохош хилахь олий. Кестта Испанийн республикин гӀоьнна герз а, советийн тӀеман хьехамчаш а богӀуйту[31]. Бильбаохь кхоьллина Баскийн пачхьалкхан автономин правительство[27].
- 17 октябрехь — болабелла Алжирин коммунистийн партин шина кӀиранан кхолламан гулам[32].
- 25 октябрехь — Германин а, Италин а Берлинан бартаца кхоьллина «Берлин-Рим сема».
- 30 октябрехь — инарла Бакром Сидкъи коьртехь волу Иракъера тӀеман тӀекӀалтохар. Ясин Паши аль-Хашими Правительство дӀасахецна, кхоьллина «къоман реформийн кабинет» коьртехь националистийн «Аль-Ахали» кхолламан декъашхо волу Хьикмет Сулейман а волуш[33].
- 3 ноябрехь — АЦШ президентийн харжамаш. Волуш волчу президенто Рузвельт Франклина шолгӀа а толам баьккхина.
- 6 ноябрехь — Испанера гражданийн тӀом:Испанин республикинхойн правительствос Мадрид а йитина Валенси дӀайахна[8].
- 7 ноябрехь — Испанера гражданийн тӀом: Франсиско Франкон эскарш Мадридан йисташкара меттигаш дӀалаьцна. ХӀеттахь дуьйладелира Испанин коьрта шахьар къуьйсу тӀемаш[27].
- 16 ноябрехь — Йоккхабританин паччахьо VIII Эдуарда шозлагӀа марехь йолу (дӀасакъастаран процесс чекхйаьлла 1937 шеран 3 майхь) АЦШ гражданка йолу Симпсон Уоллисах шен зудайан валлар дӀакхайкхийна.
- 18 ноябрехь — Германис а, Италис а кхайкхийна Испанера Франкон правительство къобалйар[34].
- 25 ноябрехь — Германис а, Япона Антикоминтернан пакт кӀела куьг йаздина, цуьнца цхьаьна тӀелаьцна дуьненайукъара коммунизман дуьхьала ницкъ латто.
- 25 ноябрь — 5 декабрь — Москвохахь дӀабаьхьна тӀаьххьара ССРС Советийн гулам, цуо тӀеэцна керла ССРС Конституци. Конституцица Советийн Союзан пачхьалкхан Ӏедалан лакхара меже Советийн гуламан метта ССРС Лакхара Совет хилира[35].
- 5 декабрехь
- ТӀеэцна сталинан ССРС Конституци.
- ДӀайаьккхина Чоьхьара Кавказан Социалистийн Федеративан Советийн Республика. Азербайджан, Эрмалойчоь, Гуьржийчоь шешша йукъайагӀна ССРС декъа[36].
- Горькийн мехкан, Малхбале-Сибрехан мехкан, Кировн мехкан, Куйбышевн мехкан, Сталинградан мехкан, Къилбаседан мехкан, Саратовн мехкан статус дӀа а йаьккхина царех РСФСР областаш йина[37].
- Нохч-ГӀалгӀайн автономин областах Нохч-ГӀалгӀайн АССР йина.
- 11 декабрехь — Йоккхабританин паччахьа VIII Эдуарда паччахьаллал дитина.
Коьрта йаззам: 1936 шо Ӏилманехь
Коьрта йаззам: 1936 шо спортехь
Коьрта йаззам: 1936 шо музыкехь
Коьрта йаззам: 1936 шо кинохь
Коьрта йаззам: 1936 шо театрехь
Коьрта йаззам: 1936 шо литературехь
Коьрта йаззам: 1936 шо ССРС суртдилларан говзаллин исторехь
Коьрта йаззам: 1936 шо авиацехь
Коьрта йаззам: 1936 шо йукъараллин транспортан исторехь
Коьрта йаззам: 1936 шо метрополитенан исторехь
Коьрта йаззам: 1936 шо цӀерпоштнекъан транспортан исторехь
Time журналан версица шеран стаг — Симпсон Уоллис, шен езар бахьнехь паччахьан Ӏарш йитина Йоккхабританин паччахьа VIII Эдуард.
Хьаьжа иштта: Категори:1936 шарахь дуьненчу бевлларш
- 12 январехь — Кавани Лилиана, италин режиссёр.
- 12 январехь — Паулс Раймонд, латвийн композитор, «Йиша Кэрри», «Шерлок Холмс» мюзиклийн а, эстрадин музыкин а автор.
- 14 январехь — Леонтьев Алексей Алексеевич, российн психолог а, лингвист а (велла 2004).
- 27 январехь — Тинг Сэмюэл, америкин физик, Нобелевн премин лауреат.
- 14 февралехь — Герман Анна, польшин йишлакхархо (йелла 1982).
- 2 мартехь — Саввина Ия, советийн а, российн а актриса (йелла 2011).
- 4 мартехь — Кларк Джим, Формула-1 дуьненан шозза чемпион (1963 и 1965 гг.) (велла 1968).
- 5 мартехь — Маслаченко Владимир, советийн футболист, спортан журналист а, комментатор а (велла 2010).
- 8 мартехь — Эсхаджиев Якъуб — нохчийн филолог
- 18 мартехь — Виллем де Клерк Фредерик, КЪАР президент, пачхьалкхера апартеид дӀайаьккхина йолу реформийн автор.
- 29 мартехь — Говорухин Станислав Сергеевич, советийн а, российн а кинорежиссёр.
- 20 апрелехь
- 24 апрелехь — Аквази Аманква Африфа, 1969 — 1970 шерашкахь Ганан президент (вийна 1979)
- 5 майхь — Сардалова Зулай (1936 шеран 5 май — 2005 шеран 15 ноябрь) — хелхархо, Нохчийн Республикин Халкъан артист, РСФСРн Сийлахь артист
- 17 майхь
- 18 майхь — Сулейменов Олжас Омарович, поэт, йаздархо-литературовед, Кхазакхстанан йукъараллин-политикин гӀуллакххо, дипломат.
- 30 майхь — Метревели Слава Калистратович, советийн футболан дикачарех цхьаъ йисттера форвард (йелла 1998).
- 15 июнехь — Державин Михаил Михайлович, российн актёр, Российн Федерацин халкъан артист.
- 22 июнехь — Кристоферсон Крис, америкин актёр а, бард.
- 27 июлехь — Лиепа Марис-Рудольф Эдуардович, балетан артист, ССРС халкъан артист (велла 1989).
- 27 июлехь — Кабисов Заур, хӀирийн йаздархо, хӀирийн маттара дуьххьарлерчу фантастикан романан («ТӀаьххьара маймал», 1977) автор.
- 31 июлехь — Бонифас Александр, 2002 — 2004 шерашках Гаитин ханна хӀоттийна президент.
- 1 августехь — Сен-Лоран Ив, французийн модельер (велла 2008).
- 17 августехь — Могол Джулио, гӀараваьлла волу италин поэт-эшаршйазйархо.
- 31 августехь — Орлов Владимир Викторович, советийн, российн йаздархо (велла 2014)
- 7 сентябрехь — Холли Бадди, америкин йишлакхархо, рок-н-роллан «пионерех» цхьаъ (велла 1959).
- 16 сентябрехь — Кокшенов Михаил, советийн, российн театран а, кинон а актёр.
- 21 сентябрехь — Лужков Юрий Михайлович, Москвохан мэр (1992—2010).
- 23 сентябрехь — Радзинский Эдвард, драматург, публицист, телеведущи.
- 25 сентябрь — Саидов Ӏабдул-Вахьаб Ахмедович (1936 шеран 25 сентябрь) — нохчо, технически Ӏилманий доктор, профессор
- 29 сентябрехь — Демидова Алла Сергеевна, актриса, РСФСР халкъан артист.
- 29 сентябрехь — Берлускони Сильвио, италин премьер-министр, воккха промышленник, медиа-магнат.
- 8 октябрехь — Куравлев Леонид Вячеславович, российн киноактёр, РСФСР халкъан артист.
- 5 октябрехь — Гавел Вацлав, чехийн йаздархо, драматург, диссидент, бакъоларйархо, пачхьалкхан гӀуллакханча (велла 2011).
- 28 октябрехь — Виктюк Роман, советийн а, российн а театран режиссёр.
- 31 октябрехь — Попов Гавриил, российн экономист а, политик а, Москвохан 1-ра мэр (1991—1992).
- 7 ноябрехь — Винграновский Николай Степанович, Украинин киноактёр а, йаздархо а.
- 11 ноябрехь — Таль Михаил Нехемьевич, шахматех ловзарехь бархолгӀа дуьненан чемпион (велла 1992).
- 11 ноябрехь — Чурбанов Юрий Михайлович, советийн политикин гӀуллакханча, Л. И. Брежневн нуц (велла 2013).
- 17 декабрехь — Франциск, Риман папа.
- 18 декабрехь — Самарин Юрий Петрович, советийн а, российн а Ӏилманча-математик, механик (велла 2000).
- 23 декабрехь — Ким Юлий Черсанович, бард.
- 24 декабрехь — Равикович Анатолий, советийн а, российн а актёр (велла 2012).
- 29 декабрехь — Марцевич Эдуард, советийн а, российн а актёр (велла 2013).
Хьаьжа иштта: Категори:1936 шарахь белларш
- 16 январехь — Фиш Альберт Гамильтон (вина 1870), америкин нахбойург а, каннибал а.
- 18 январехь — Киплинг Джозеф Редьярд (вина 1865), ингалсан йаздархо, Нобелевн премин лауреат.
- 20 январехь — V Георг, Йоккхабританин паччахь.
- 23 февралехь — Чехонин Сергей Васильевич, оьрсийн а, советийн а суртдиллархо-график, декоратор, «Искусствон дуьне» цӀе йолу исбаьхьаллин цхьанакхетаран декъашхо, И. Е. Репинан дешархо (вина 1878).
- 27 февралехь — Павлов Иван Петрович (вина 1849), оьрсийн физиолог, лауреат Нобелевн премин лауреат.
- 21 мартехь — Глазунов Александр, оьрсийн композитор (вина 1865).
- 28 апрелехь — Ахьмад I Фуад, Мисаран паччахь хилла 1922 шарахь дуьйна, 1917—1922 шерашкахь Мисаран султан (вина 1868).
- 7 майхь — Шпенглер Освальд, немцойн философ, «дахаран философин» баккхийчу векалех тӀеххьарниг.
- 14 майхь — Генри Хинмен Алленби Эдмунд (1-ра виконт Алленби), британийн фельдмаршал, Хьалхара дуьненан тӀамехь Францера, Мисарера, Палестинера британийн эскарийн баьчча период, 1919—1925 шерашкахь Мисарера а, Суданера а британийн лакхара комиссар (вина 1861).
- 11 июнехь — Говард Роберт Ирвин, америкин йаздархо-фантаст.
- 14 июнехь — Честертон Гилберт Кийт, ингалсан йаздархо.
- 18 июнехь — Горьки Максим, йаздархо а, йукъараллин гӀуллакханча а, литературин критик а, публицист а.
- 8 августехь — Сеферино Блаженни, католикашлахь цигонийн верас.
- 15 сентябрехь — Займис Александрос, желтойн политик, мосийттаза правительствон корта хилла, 1929—1935 шерашкахь Желтойчоьнан президент (вина 1855).
- Физика — Гесс Виктор Франц — «Есаллин зӀенарш йелларна», Андерсон Карл Дэвид — «Позитрон йелларна».
- Хими — Дебай Петер Йозеф Вильгельм — «молекуляран структуран вайн кхетамехь дакъалацарна».
- Медицина а, физиологи а — Дейл Генри, Лёви Отто — «нервийн импульсийн химин трансмисси талларна».
- Литература — О’Нил Юджин — «драмийн кхолламаш Ӏаткъаман ницкъ хиларна а, бакъ хиларна а, кӀорга хиларна а, бохаман жанр керлачу агӀора маьӀна дарна».
- Преми машаран — Ламас Карлос Сааведра.
Красиков А. А. Испания и мировая политика/М.1989 — С.14.
БСЭ 3-е изд. т. 6 — С. 317.
Советская историческая энциклопедия т. 10 — С. 436, С. 451.
БСЭ 3-е изд. т. 14 — С.617.
Сориа Ж. Война и революция в Испании т.1/ М. 1987 — С.64.
БСЭ 3-е изд. т. 11 — С. 45.
Советская историческая энциклопедия т. 10 — С. 451.
Сашин Г. З. Боливия. Очерк новейшей истории / М. 1976 — С. 13.
Собрание Законов СССР — 1936 — № 31 — С. 275.
БСЭ 3-е изд. т. 1 — С. 25.
БСЭ 3-е изд. т. 6 — С. 63.
БСЭ 3-е изд. т. 12 — С. 277.
БСЭ 3-е изд. т. 14 — С. 186.
Красиков А. А. Испания и мировая политика/М.1989 — С.16.
Красиков А. А. Испания и мировая политика/М.1989 — С.17.
БСЭ 3-е изд. т. 18 — С. 257.
БСЭ 3-е изд. т. 14 — С. 41.
Красиков А. А. Испания и мировая политика/М.1989 — С.21.
Красиков А. А. Испания и мировая политика/М.1989 — С.20.
Политические партии Африки / М. 1970 — С. 99.
БСЭ 3-е изд. т. 9 — С. 44.
Суханов В. И. «Революция гвоздик» в Португалии / М. 1983 — С. 205.
Красиков А. А. Испания и мировая политика/М.1989 — С.23.
БСЭ 3-е изд. т. 10 — С. 396.
Красиков А. А. Испания и мировая политика/М.1989 — С.24.
БСЭ 3-е изд. т. 13 — С. 314.
Кеп:Високосан доцу шо, долалуш долу оршот дийнахь