From Wikipedia, the free encyclopedia
Шайх Мансур (Ушурма) (нох. Мансур; 1760—1794[7]) — тӀеман-политикин а, динан гӀуллакххо, исламан хьехамча, тӀемабаьчча, Къилбаседа Кавказан хьалхара имам[1][2][3][4][8]. 1785—1791 шерийн Къилбаседа Кавказан халкъан-маршонан боламан тхьамда[9]. Советийн историографехь вевза хьалхара кавказан революционер санна[10].
Шайх Мансур | ||||
---|---|---|---|---|
| ||||
|
||||
Когаметтаниг | Авко Унгаев (Майртуьпара Мохьмад (1821-1824)[5]) | |||
|
||||
Хьалха хилларг | Дарж кхоьллина | |||
Дин | суннизм, накъшбадийа | |||
Вина терахь | 1762 | |||
Вина меттиг | Алдехь, Нохчийчоь | |||
Кхелхина терахь | 1794 | |||
Кхелхина меттиг | Шлиссельбурган гӀап, Российн импери | |||
ДӀавоьллина | Преображенски лам тӀаьхь | |||
Тайпа | Элистанжхой | |||
Да | ШаӀбаз | |||
Зуда | Чачи | |||
Бераш |
КӀант: Яса
|
|||
Динлелор | Ислам суннийн новкъа, тӀарикъат Накъшбандийя[1][6][~ 1] | |||
ЦӀе | баьчча[d] | |||
Латар | ||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Нохчий[11][12], схьавалар элистанжхойн тайпанара[13][14][15][16]. Мансуран да — ШаӀбаз, вежарашца Ӏеламхица а, Шахьбица а, кхелхира БугӀан-йуьрта Тевзана уллерачу кӀотарара 1740 шарахь. Мансуран дайн кӀотар лаьттара хӀинца Хоттане хиллачохь[14].
XVIII бӀешо чекхдолуш Мансур волавелира шен Ӏилма нохчашна йукъахь хьеха, цуо нах дуьхьала бохура Российна.
1785 шеран 8 мартехь инарлас Петлинг хаийтира рапортца инарла-аншефан П. С. Потёмкинан, Кавказан сардална Соьлжан дехьара хьаннашкахь дин хьоьхург ваьлла. Цига хьажийра шпионаш. Царех цхьаьнна аьтту белира БугӀан-йуьртахь, шайхан коьртачу штабехь хила, цигахь теллира, бахархой БугӀан-йуьртахь гуллой а, цара кечам бойла ГӀебартачоьнан тӀела «уьш шариӀатан кӀела бало». Цунна кхин а хиира, Ушурма (шайх Мансур) хӀинцале зӀе тесний ЖӀайн Умаханца, уггаре Ӏаткъаме эланца ДегӀастана. Оцу хенахь полковника Матсена, Бури-ГӀалин гӀопан коменданто, хаийтира инарлин Потёмкинан, вевзаш волу Шайх-Мансур чувеина ГӀебарта, оцу кӀоштан ламанхой кхерамаш туьйсуш бу оьсашна. Оцу хенахь российн Ӏедал гӀоьртира саца бала гӀерташ болу гӀаттам, дуккха тӀедуьллура нохчашна дин дуьцург схавалар. 1785 шеран хьалхарчу декъехь имаман агӀончаш тӀекхеташ бара. Хьалха бара БугӀана-йуьртан гергара нохчий, цул тӀехьа ДегӀастанан ламанхой (лаьзгий, жӀай, саьрхой), гӀумкий, ламанхой ГӀебартан а, Кубанан а (чергазий).
1785 шеран аьхка гӀоьртира йуха а Ӏусманшца зӀене вала, султанега дахьийтира хьалхара кехат, хоуьйтур ша муьтӀахт бархо вуйла, дош делира йукъара мостагӀчунна ша тӀелетар вуй. Даьржара эладиташ «гӀазотан» эскаш тӀелета бохуш. Элас Потёмкина-Таврин Григорийс 1785 шеран 6 майхь омар делира шен гергарчу инарлега Потёмкин Павелин, Кавказан сардалан, шайх Мансур йийсар вие «гӀоле йу цӀий а ца Ӏанош»[14].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.